Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 1 – 13

  1. طسم

    ТӀа-сūн-мūм

    28:1
  2. تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ

    ХӀорш ду хӀуманаш билгалдечу жайнан аяташ

    28:2
  3. نَتْلُو عَلَيْكَ مِنْ نَبَإِ مُوسَىٰ وَفِرْعَوْنَ بِالْحَقِّ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Оха дуьйцу хьуна Мусан а‚ ФирӀавнан а хабарех цхьадерш бакъдолчуьнца тешачу къомана /пайда хилийтан/

    28:3
  4. إِنَّ فِرْعَوْنَ عَلَا فِي الْأَرْضِ وَجَعَلَ أَهْلَهَا شِيَعًا يَسْتَضْعِفُ طَائِفَةً مِنْهُمْ يُذَبِّحُ أَبْنَاءَهُمْ وَيَسْتَحْيِي نِسَاءَهُمْ ۚ إِنَّهُ كَانَ مِنَ الْمُفْسِدِينَ

    Баккъалла а, ФирӀавн вазвелира /Мисран/ лаьттахь‚ цуьнан нахах тобанаш йира цо‚ царах цхьа тоба гӀелъеш. Цо байара церан кӀентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъалла а, иза хилира пасад хманаш (телхина мел дерг) лелочарах

    28:4
  5. وَنُرِيدُ أَنْ نَمُنَّ عَلَى الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا فِي الْأَرْضِ وَنَجْعَلَهُمْ أَئِمَّةً وَنَجْعَلَهُمُ الْوَارِثِينَ

    Тхуна лиира шаьш лаьттахь гӀелбина хиллачарах (Исраилан кнтех) къинхетам бан а‚ царах имамаш бан а‚ уьш ирс оьцурш бан а,

    28:5
  6. وَنُمَكِّنَ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَنُرِيَ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا مِنْهُمْ مَا كَانُوا يَحْذَرُونَ

    Уьш чӀагӀбан а лаьттахь, ФирӀавна а‚ ХӀаманна а‚ цу шиннан эскарна а гайта а уьш шех кхоьруш дерг

    28:6
  7. وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ أُمِّ مُوسَىٰ أَنْ أَرْضِعِيهِ ۖ فَإِذَا خِفْتِ عَلَيْهِ فَأَلْقِيهِ فِي الْيَمِّ وَلَا تَخَافِي وَلَا تَحْزَنِي ۖ إِنَّا رَادُّوهُ إِلَيْكِ وَجَاعِلُوهُ مِنَ الْمُرْسَلِينَ

    Оха хаам бира Мусан нене вакхаве иза‚ аьлла. Нагахь хьо кхерахь цунах (Мусана бохам хиларх)‚ ахь кхосса иза хӀорда чу кхера ма кхера‚ са ма гатде Оха юхаверзор ву иза хьоьга‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех

    28:7
  8. فَالْتَقَطَهُ آلُ فِرْعَوْنَ لِيَكُونَ لَهُمْ عَدُوًّا وَحَزَنًا ۗ إِنَّ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا كَانُوا خَاطِئِينَ

    Иза схьаваьккхира /Нил хина чуьра/ ФирӀавнан доьзало цунах шайна мостагӀ а‚ сингаттам а хилийта. Баккъалла а, ФирӀавн а‚ ХӀаман а‚ цу шиннан эскар а хилира глатбевларш

    28:8
  9. وَقَالَتِ امْرَأَتُ فِرْعَوْنَ قُرَّتُ عَيْنٍ لِي وَلَكَ ۖ لَا تَقْتُلُوهُ عَسَىٰ أَنْ يَنْفَعَنَا أَوْ نَتَّخِذَهُ وَلَدًا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    ФирӀавнан зудчо элира: 'Суна а‚ хьуна а бӀаьргийн марзо ю-кх! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай доьзалхо лоцур цунах царна хаалуш дацара…/оцунах хиндерг/

    28:9
  10. وَأَصْبَحَ فُؤَادُ أُمِّ مُوسَىٰ فَارِغًا ۖ إِنْ كَادَتْ لَتُبْدِي بِهِ لَوْلَا أَنْ رَبَطْنَا عَلَىٰ قَلْبِهَا لِتَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    Мусан ненан дог даьсса Ӏуьйренга делира. Иза гергаяра цуьнца гучуяла Оха цуьнан дог чӀагӀдина ца хиллехьара иза (Мусан нана) хилийтархьама /Делан ваӀдих/ тешачарах

    28:10
  11. وَقَالَتْ لِأُخْتِهِ قُصِّيهِ ۖ فَبَصُرَتْ بِهِ عَنْ جُنُبٍ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    Цо элира цуьнан йише: 'Хьада‚ цунна тӀаьхьагӀо'. Иза хьоьжура цуьнга агӀорхьара‚ царна хаа ца луш

    28:11
  12. وَحَرَّمْنَا عَلَيْهِ الْمَرَاضِعَ مِنْ قَبْلُ فَقَالَتْ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ أَهْلِ بَيْتٍ يَكْفُلُونَهُ لَكُمْ وَهُمْ لَهُ نَاصِحُونَ

    Оха хьарам бира цунна и вакхон зударий хьалха. ТӀаккха цо элира: 'Ас нисдой шу цӀийнан охӀлана тӀе, шуна иза кхобург волчу‚ шаьш цунна хьехамчаш а хуьлуш'

    28:12
  13. فَرَدَدْنَاهُ إِلَىٰ أُمِّهِ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ وَلِتَعْلَمَ أَنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    ТӀаккха Оха юхаверзира иза шен нене‚ цуьнан бӀаьрг марзбала а‚ цо сагат ца дан а‚ цунна хаийтархьама а Делан ваӀда хьакъ-бакъ хилар‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    28:13

Гочдар: Магомед Магомедов