Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 22 – 28

  1. وَلَمَّا تَوَجَّهَ تِلْقَاءَ مَدْيَنَ قَالَ عَسَىٰ رَبِّي أَنْ يَهْدِيَنِي سَوَاءَ السَّبِيلِ

    Ша Мадйан агӀоргахьа дӀаволавелча‚ цо элира: 'Сан Кхиош-кхобучо со нисван мега нийсачу новкъа'

    28:22
  2. وَلَمَّا وَرَدَ مَاءَ مَدْيَنَ وَجَدَ عَلَيْهِ أُمَّةً مِنَ النَّاسِ يَسْقُونَ وَوَجَدَ مِنْ دُونِهِمُ امْرَأَتَيْنِ تَذُودَانِ ۖ قَالَ مَا خَطْبُكُمَا ۖ قَالَتَا لَا نَسْقِي حَتَّىٰ يُصْدِرَ الرِّعَاءُ ۖ وَأَبُونَا شَيْخٌ كَبِيرٌ

    Мадйанан хинан коьрте дкхаьчча‚ цунна цигахь цхьа нах карийра хи малош /шайн бежнашна/. Цунна карийра царна тӀехьахь лаьтташ ши зуда /шайн уьстагӀий/ дӀалоьхкуш /хина тӀе ца дохуьйтуш/. Цо элира: 'ХӀун бала бу шу-шиннан?' Цу шиммо элира: 'Оха ца маладо и Ӏуй чекх ца бевлича‚ ткъа тхан да воккха стаг ву'

    28:23
  3. فَسَقَىٰ لَهُمَا ثُمَّ تَوَلَّىٰ إِلَى الظِّلِّ فَقَالَ رَبِّ إِنِّي لِمَا أَنْزَلْتَ إِلَيَّ مِنْ خَيْرٍ فَقِيرٌ

    Цо хи малийра царна шинна (церан уьстагшна)‚ тӀаккха дӀавирзира ӀиндагӀе‚ элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ со Ахь суна доссина диканиг оьшуш ма ву (меца ву)'

    28:24
  4. فَجَاءَتْهُ إِحْدَاهُمَا تَمْشِي عَلَى اسْتِحْيَاءٍ قَالَتْ إِنَّ أَبِي يَدْعُوكَ لِيَجْزِيَكَ أَجْرَ مَا سَقَيْتَ لَنَا ۚ فَلَمَّا جَاءَهُ وَقَصَّ عَلَيْهِ الْقَصَصَ قَالَ لَا تَخَفْ ۖ نَجَوْتَ مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Цунна тӀе еара цу шиннах цхьаъ‚ эхь хеташ йолаелла‚ цо элира: 'Сан дас хьо кхойкху хьуна мах балан ахь тхуна хи малорна'. Иза (Муса) цунна тӀе веъча‚ цо цуьнга хабар дийцича‚ цо элира: 'Хьо ма кхера! Хьо кӀелхьарваьлла зуламечу къомах'

    28:25
  5. قَالَتْ إِحْدَاهُمَا يَا أَبَتِ اسْتَأْجِرْهُ ۖ إِنَّ خَيْرَ مَنِ اسْتَأْجَرْتَ الْقَوِيُّ الْأَمِينُ

    Цу шиннах цхьаммо элира: 'Дада‚ мехах болх бан вита иза‚ ахь мехах болх бан вуьтур волчех уггар диканиг ву иза нуьцкъала а‚ тешаме а ву'

    28:26
  6. قَالَ إِنِّي أُرِيدُ أَنْ أُنْكِحَكَ إِحْدَى ابْنَتَيَّ هَاتَيْنِ عَلَىٰ أَنْ تَأْجُرَنِي ثَمَانِيَ حِجَجٍ ۖ فَإِنْ أَتْمَمْتَ عَشْرًا فَمِنْ عِنْدِكَ ۖ وَمَا أُرِيدُ أَنْ أَشُقَّ عَلَيْكَ ۚ سَتَجِدُنِي إِنْ شَاءَ اللَّهُ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Цо (ШуӀайбс) элира: 'Суна лаьа хӀокху сан шина йоӀах цхьаъ хьоьга маре яла ахь суна болх барх борхӀ шарахь. Ахь итт шо кхочушдахь и хьоьгара хир ду‚ хьуна хало ян лууш вац со. Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ дикачарах'

    28:27
  7. قَالَ ذَٰلِكَ بَيْنِي وَبَيْنَكَ ۖ أَيَّمَا الْأَجَلَيْنِ قَضَيْتُ فَلَا عُدْوَانَ عَلَيَّ ۖ وَاللَّهُ عَلَىٰ مَا نَقُولُ وَكِيلٌ

    Цо (Мусас) элира: 'ХӀара суна а‚ хьуна а юкъахь ду. Цу шиннах муьлхха зама ас кхочушъяхь‚ дов дийр дац соьца. И Дела вай олучунна тӀехь векал ма ву'

    28:28

Гочдар: Магомед Магомедов