Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 29 – 31

  1. فَلَمَّا قَضَىٰ مُوسَى الْأَجَلَ وَسَارَ بِأَهْلِهِ آنَسَ مِنْ جَانِبِ الطُّورِ نَارًا قَالَ لِأَهْلِهِ امْكُثُوا إِنِّي آنَسْتُ نَارًا لَعَلِّي آتِيكُمْ مِنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ جَذْوَةٍ مِنَ النَّارِ لَعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ

    Муса шен хан чекх а яьккхина, шен доьзалца дӀавоьдуш‚ цунна хааелира Тр ламанан агӀорхьара цӀе. Цо элира шен доьзале: 'Аш /кхузахь/ собар де‚ суна цӀе хааелла‚ со ван мега шуна тӀе цуьнгара цхьа хабар дахьаш‚ я цӀерах цхьа хаьштиг дахьаш‚ шу дохдала мегара'

    28:29
  2. فَلَمَّا أَتَاهَا نُودِيَ مِنْ شَاطِئِ الْوَادِ الْأَيْمَنِ فِي الْبُقْعَةِ الْمُبَارَكَةِ مِنَ الشَّجَرَةِ أَنْ يَا مُوسَىٰ إِنِّي أَنَا اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ

    Иза цунна (цӀарна) тӀе веъча, кхийкхира тогӀин аьтту агӀорхьара беркате йолчу меттигехь долчу дитт долчуьра: 'Ва Муса! Баккъалла а, Со Дела ву‚ Ӏаламийн Да

    28:30
  3. وَأَنْ أَلْقِ عَصَاكَ ۖ فَلَمَّا رَآهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَانٌّ وَلَّىٰ مُدْبِرًا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَا مُوسَىٰ أَقْبِلْ وَلَا تَخَفْ ۖ إِنَّكَ مِنَ الْآمِنِينَ

    Охьакхосса хьан Ӏаса!' Цунна иза гича етталуш, текхарг санна‚ иза дӀаведира, юха а ца воьрзуш. 'Ва Муса! Гергавола‚ ма кхера‚ хьо кхерам хир боцучарах ву

    28:31

Гочдар: Магомед Магомедов