Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 29 – 35
-
فَلَمَّا قَضَىٰ مُوسَى الْأَجَلَ وَسَارَ بِأَهْلِهِ آنَسَ مِنْ جَانِبِ الطُّورِ نَارًا قَالَ لِأَهْلِهِ امْكُثُوا إِنِّي آنَسْتُ نَارًا لَعَلِّي آتِيكُمْ مِنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ جَذْوَةٍ مِنَ النَّارِ لَعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ
Муса шен хан чекх а яьккхина, шен доьзалца дӀавоьдуш‚ цунна хааелира Тр ламанан агӀорхьара цӀе. Цо элира шен доьзале: 'Аш /кхузахь/ собар де‚ суна цӀе хааелла‚ со ван мега шуна тӀе цуьнгара цхьа хабар дахьаш‚ я цӀерах цхьа хаьштиг дахьаш‚ шу дохдала мегара'
28:29 -
فَلَمَّا أَتَاهَا نُودِيَ مِنْ شَاطِئِ الْوَادِ الْأَيْمَنِ فِي الْبُقْعَةِ الْمُبَارَكَةِ مِنَ الشَّجَرَةِ أَنْ يَا مُوسَىٰ إِنِّي أَنَا اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ
Иза цунна (цӀарна) тӀе веъча, кхийкхира тогӀин аьтту агӀорхьара беркате йолчу меттигехь долчу дитт долчуьра: 'Ва Муса! Баккъалла а, Со Дела ву‚ Ӏаламийн Да
28:30 -
وَأَنْ أَلْقِ عَصَاكَ ۖ فَلَمَّا رَآهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَانٌّ وَلَّىٰ مُدْبِرًا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَا مُوسَىٰ أَقْبِلْ وَلَا تَخَفْ ۖ إِنَّكَ مِنَ الْآمِنِينَ
Охьакхосса хьан Ӏаса!' Цунна иза гича етталуш, текхарг санна‚ иза дӀаведира, юха а ца воьрзуш. 'Ва Муса! Гергавола‚ ма кхера‚ хьо кхерам хир боцучарах ву
28:31 -
اسْلُكْ يَدَكَ فِي جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ وَاضْمُمْ إِلَيْكَ جَنَاحَكَ مِنَ الرَّهْبِ ۖ فَذَانِكَ بُرْهَانَانِ مِنْ رَبِّكَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ
Хьан куьг че долла‚ /тккха схьаадаккха и/ - схьадер ду кӀайн хилла цхьа а зен доцуш. ТӀетаӀаде /хьан аьтту куьг/ хьан /дагна/ т – ддер ду хьан /текхаргах/ кхерар. И шиъ билгало ю хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара ФирӀавне а‚ цуьнан элашка а. Баккъалла а, уьш хили-кх песакъ къам'
28:32 -
قَالَ رَبِّ إِنِّي قَتَلْتُ مِنْهُمْ نَفْسًا فَأَخَافُ أَنْ يَقْتُلُونِ
Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ ас царах стаг ма вина‚ со кхоьру-кх цара со вēн
28:33 -
وَأَخِي هَارُونُ هُوَ أَفْصَحُ مِنِّي لِسَانًا فَأَرْسِلْهُ مَعِيَ رِدْءًا يُصَدِّقُنِي ۖ إِنِّي أَخَافُ أَنْ يُكَذِّبُونِ
И сан ваша ХӀарун‚ иза сол мелхо а говза ма ву маттаца‚ ваийтахь иза соьца гӀоьнча хилла‚ со бакъхилар чӀагӀдийр дара цо. Баккъалла а, со кхоьру цара со харцварна'
28:34 -
قَالَ سَنَشُدُّ عَضُدَكَ بِأَخِيكَ وَنَجْعَلُ لَكُمَا سُلْطَانًا فَلَا يَصِلُونَ إِلَيْكُمَا ۚ بِآيَاتِنَا أَنْتُمَا وَمَنِ اتَّبَعَكُمَا الْغَالِبُونَ
Цо (Дала) элира: 'Оха чӀагӀвийр ву хьо хьан вешица‚ Оха хуьлуьйтур ю шуна шинна бакъо‚ шуна шинна тӀекхочур бац уьш. Тхан аяташца шу шиъ а‚ шуна шинна тӀаьхьа мел ваьзнарг тоьлур ву'
28:35
Гочдар: Магомед Магомедов