Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 3 – 28

  1. نَتْلُو عَلَيْكَ مِنْ نَبَإِ مُوسَىٰ وَفِرْعَوْنَ بِالْحَقِّ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Оха дуьйцу хьуна Мусан а‚ ФирӀавнан а хабарех цхьадерш бакъдолчуьнца тешачу къомана /пайда хилийтан/

    28:3
  2. إِنَّ فِرْعَوْنَ عَلَا فِي الْأَرْضِ وَجَعَلَ أَهْلَهَا شِيَعًا يَسْتَضْعِفُ طَائِفَةً مِنْهُمْ يُذَبِّحُ أَبْنَاءَهُمْ وَيَسْتَحْيِي نِسَاءَهُمْ ۚ إِنَّهُ كَانَ مِنَ الْمُفْسِدِينَ

    Баккъалла а, ФирӀавн вазвелира /Мисран/ лаьттахь‚ цуьнан нахах тобанаш йира цо‚ царах цхьа тоба гӀелъеш. Цо байара церан кӀентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъалла а, иза хилира пасад хманаш (телхина мел дерг) лелочарах

    28:4
  3. وَنُرِيدُ أَنْ نَمُنَّ عَلَى الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا فِي الْأَرْضِ وَنَجْعَلَهُمْ أَئِمَّةً وَنَجْعَلَهُمُ الْوَارِثِينَ

    Тхуна лиира шаьш лаьттахь гӀелбина хиллачарах (Исраилан кнтех) къинхетам бан а‚ царах имамаш бан а‚ уьш ирс оьцурш бан а,

    28:5
  4. وَنُمَكِّنَ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَنُرِيَ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا مِنْهُمْ مَا كَانُوا يَحْذَرُونَ

    Уьш чӀагӀбан а лаьттахь, ФирӀавна а‚ ХӀаманна а‚ цу шиннан эскарна а гайта а уьш шех кхоьруш дерг

    28:6
  5. وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ أُمِّ مُوسَىٰ أَنْ أَرْضِعِيهِ ۖ فَإِذَا خِفْتِ عَلَيْهِ فَأَلْقِيهِ فِي الْيَمِّ وَلَا تَخَافِي وَلَا تَحْزَنِي ۖ إِنَّا رَادُّوهُ إِلَيْكِ وَجَاعِلُوهُ مِنَ الْمُرْسَلِينَ

    Оха хаам бира Мусан нене вакхаве иза‚ аьлла. Нагахь хьо кхерахь цунах (Мусана бохам хиларх)‚ ахь кхосса иза хӀорда чу кхера ма кхера‚ са ма гатде Оха юхаверзор ву иза хьоьга‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех

    28:7
  6. فَالْتَقَطَهُ آلُ فِرْعَوْنَ لِيَكُونَ لَهُمْ عَدُوًّا وَحَزَنًا ۗ إِنَّ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا كَانُوا خَاطِئِينَ

    Иза схьаваьккхира /Нил хина чуьра/ ФирӀавнан доьзало цунах шайна мостагӀ а‚ сингаттам а хилийта. Баккъалла а, ФирӀавн а‚ ХӀаман а‚ цу шиннан эскар а хилира глатбевларш

    28:8
  7. وَقَالَتِ امْرَأَتُ فِرْعَوْنَ قُرَّتُ عَيْنٍ لِي وَلَكَ ۖ لَا تَقْتُلُوهُ عَسَىٰ أَنْ يَنْفَعَنَا أَوْ نَتَّخِذَهُ وَلَدًا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    ФирӀавнан зудчо элира: 'Суна а‚ хьуна а бӀаьргийн марзо ю-кх! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай доьзалхо лоцур цунах царна хаалуш дацара…/оцунах хиндерг/

    28:9
  8. وَأَصْبَحَ فُؤَادُ أُمِّ مُوسَىٰ فَارِغًا ۖ إِنْ كَادَتْ لَتُبْدِي بِهِ لَوْلَا أَنْ رَبَطْنَا عَلَىٰ قَلْبِهَا لِتَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    Мусан ненан дог даьсса Ӏуьйренга делира. Иза гергаяра цуьнца гучуяла Оха цуьнан дог чӀагӀдина ца хиллехьара иза (Мусан нана) хилийтархьама /Делан ваӀдих/ тешачарах

    28:10
  9. وَقَالَتْ لِأُخْتِهِ قُصِّيهِ ۖ فَبَصُرَتْ بِهِ عَنْ جُنُبٍ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    Цо элира цуьнан йише: 'Хьада‚ цунна тӀаьхьагӀо'. Иза хьоьжура цуьнга агӀорхьара‚ царна хаа ца луш

    28:11
  10. وَحَرَّمْنَا عَلَيْهِ الْمَرَاضِعَ مِنْ قَبْلُ فَقَالَتْ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ أَهْلِ بَيْتٍ يَكْفُلُونَهُ لَكُمْ وَهُمْ لَهُ نَاصِحُونَ

    Оха хьарам бира цунна и вакхон зударий хьалха. ТӀаккха цо элира: 'Ас нисдой шу цӀийнан охӀлана тӀе, шуна иза кхобург волчу‚ шаьш цунна хьехамчаш а хуьлуш'

    28:12
  11. فَرَدَدْنَاهُ إِلَىٰ أُمِّهِ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ وَلِتَعْلَمَ أَنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    ТӀаккха Оха юхаверзира иза шен нене‚ цуьнан бӀаьрг марзбала а‚ цо сагат ца дан а‚ цунна хаийтархьама а Делан ваӀда хьакъ-бакъ хилар‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    28:13
  12. وَلَمَّا بَلَغَ أَشُدَّهُ وَاسْتَوَىٰ آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Иза (Муса) гметтахьттича‚ нисвелча‚ Оха цунна делира хьукам а‚ Ӏилма а. Иштта бекхам бо Оха дикачарна

    28:14
  13. وَدَخَلَ الْمَدِينَةَ عَلَىٰ حِينِ غَفْلَةٍ مِنْ أَهْلِهَا فَوَجَدَ فِيهَا رَجُلَيْنِ يَقْتَتِلَانِ هَٰذَا مِنْ شِيعَتِهِ وَهَٰذَا مِنْ عَدُوِّهِ ۖ فَاسْتَغَاثَهُ الَّذِي مِنْ شِيعَتِهِ عَلَى الَّذِي مِنْ عَدُوِّهِ فَوَكَزَهُ مُوسَىٰ فَقَضَىٰ عَلَيْهِ ۖ قَالَ هَٰذَا مِنْ عَمَلِ الشَّيْطَانِ ۖ إِنَّهُ عَدُوٌّ مُضِلٌّ مُبِينٌ

    Глина чоьхьавелира иза цуьнан нах гӀовпал болчу хенахь. Цунна карийра цу чохь ши стаг вовшах леташ: хӀара хӀокхун тобанех‚ важа хӀокхун мостагӀех. Цуьнга гӀо дийхира цуьнан тобанех волчо цуьнан мостагӀех волчунна тӀехь. Мусас цунна буй туьйхира цо иза чекхваьккхира. Цо (Мусас) элира: 'ХӀара шайтӀанан гӀуллакхех ду. Баккъалла а, иза билгала тилавеш мостагӀ ду'

    28:15
  14. قَالَ رَبِّ إِنِّي ظَلَمْتُ نَفْسِي فَاغْفِرْ لِي فَغَفَرَ لَهُ ۚ إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ

    Цо (Мусас хьаставелла Деле) элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ ас сан дегӀана зулам ма дина‚ гечдехьа суна'. Цо цунна гечдира. Баккъалла а, Иза тх гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву

    28:16
  15. قَالَ رَبِّ بِمَا أَنْعَمْتَ عَلَيَّ فَلَنْ أَكُونَ ظَهِيرًا لِلْمُجْرِمِينَ

    Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь суна ниӀмат даларца сох цкъа а хир ма вац къиношдечарна гӀоьнча'

    28:17
  16. فَأَصْبَحَ فِي الْمَدِينَةِ خَائِفًا يَتَرَقَّبُ فَإِذَا الَّذِي اسْتَنْصَرَهُ بِالْأَمْسِ يَسْتَصْرِخُهُ ۚ قَالَ لَهُ مُوسَىٰ إِنَّكَ لَغَوِيٌّ مُبِينٌ

    Иза Ӏуьйранга велира глахь кхоьруш‚ сема хуьлуш. /Ша иштта лаьтташ/ селхана шега гӀо дийхинарг шега мохь бетташ /гира цунна/. Мусас цуьнга элира: 'Баккъалла а, ма гуш-лаьтташ тилавелларг ву-кх хьо!'

    28:18
  17. فَلَمَّا أَنْ أَرَادَ أَنْ يَبْطِشَ بِالَّذِي هُوَ عَدُوٌّ لَهُمَا قَالَ يَا مُوسَىٰ أَتُرِيدُ أَنْ تَقْتُلَنِي كَمَا قَتَلْتَ نَفْسًا بِالْأَمْسِ ۖ إِنْ تُرِيدُ إِلَّا أَنْ تَكُونَ جَبَّارًا فِي الْأَرْضِ وَمَا تُرِيدُ أَنْ تَكُونَ مِنَ الْمُصْلِحِينَ

    ТӀаккха шайн шиннан мостагӀ волчунна тоха цунна (Мусана) лиъча‚ цо элира: 'ХӀай Муса‚ со вēн лууш ву-кх хьо‚ айхьа селхана стаг вēрах терра‚ хьо лууш ма вац лаьттахь ницкъ беш верг хилла /н а/ бен‚ хьо лууш ма вац /нахана юккъехь/ маслахьат дечарах хила'

    28:19
  18. وَجَاءَ رَجُلٌ مِنْ أَقْصَى الْمَدِينَةِ يَسْعَىٰ قَالَ يَا مُوسَىٰ إِنَّ الْمَلَأَ يَأْتَمِرُونَ بِكَ لِيَقْتُلُوكَ فَاخْرُجْ إِنِّي لَكَ مِنَ النَّاصِحِينَ

    Цхьа стаг веара гӀалин йистера ведда‚ цо элира: 'ХӀай Муса! /ГӀалин/ дай дагабевла хьо вēн‚ аравалалахь /хӀокху махкара/. Со хьуна хьехамбечарах ву'

    28:20
  19. فَخَرَجَ مِنْهَا خَائِفًا يَتَرَقَّبُ ۖ قَالَ رَبِّ نَجِّنِي مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Иза цигара (гӀалара) аравелира кхоьруш‚ сема хуьлуш. Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ кӀелхьарваккхахь со зуламечу къомах'

    28:21
  20. وَلَمَّا تَوَجَّهَ تِلْقَاءَ مَدْيَنَ قَالَ عَسَىٰ رَبِّي أَنْ يَهْدِيَنِي سَوَاءَ السَّبِيلِ

    Ша Мадйан агӀоргахьа дӀаволавелча‚ цо элира: 'Сан Кхиош-кхобучо со нисван мега нийсачу новкъа'

    28:22
  21. وَلَمَّا وَرَدَ مَاءَ مَدْيَنَ وَجَدَ عَلَيْهِ أُمَّةً مِنَ النَّاسِ يَسْقُونَ وَوَجَدَ مِنْ دُونِهِمُ امْرَأَتَيْنِ تَذُودَانِ ۖ قَالَ مَا خَطْبُكُمَا ۖ قَالَتَا لَا نَسْقِي حَتَّىٰ يُصْدِرَ الرِّعَاءُ ۖ وَأَبُونَا شَيْخٌ كَبِيرٌ

    Мадйанан хинан коьрте дкхаьчча‚ цунна цигахь цхьа нах карийра хи малош /шайн бежнашна/. Цунна карийра царна тӀехьахь лаьтташ ши зуда /шайн уьстагӀий/ дӀалоьхкуш /хина тӀе ца дохуьйтуш/. Цо элира: 'ХӀун бала бу шу-шиннан?' Цу шиммо элира: 'Оха ца маладо и Ӏуй чекх ца бевлича‚ ткъа тхан да воккха стаг ву'

    28:23
  22. فَسَقَىٰ لَهُمَا ثُمَّ تَوَلَّىٰ إِلَى الظِّلِّ فَقَالَ رَبِّ إِنِّي لِمَا أَنْزَلْتَ إِلَيَّ مِنْ خَيْرٍ فَقِيرٌ

    Цо хи малийра царна шинна (церан уьстагшна)‚ тӀаккха дӀавирзира ӀиндагӀе‚ элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ со Ахь суна доссина диканиг оьшуш ма ву (меца ву)'

    28:24
  23. فَجَاءَتْهُ إِحْدَاهُمَا تَمْشِي عَلَى اسْتِحْيَاءٍ قَالَتْ إِنَّ أَبِي يَدْعُوكَ لِيَجْزِيَكَ أَجْرَ مَا سَقَيْتَ لَنَا ۚ فَلَمَّا جَاءَهُ وَقَصَّ عَلَيْهِ الْقَصَصَ قَالَ لَا تَخَفْ ۖ نَجَوْتَ مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Цунна тӀе еара цу шиннах цхьаъ‚ эхь хеташ йолаелла‚ цо элира: 'Сан дас хьо кхойкху хьуна мах балан ахь тхуна хи малорна'. Иза (Муса) цунна тӀе веъча‚ цо цуьнга хабар дийцича‚ цо элира: 'Хьо ма кхера! Хьо кӀелхьарваьлла зуламечу къомах'

    28:25
  24. قَالَتْ إِحْدَاهُمَا يَا أَبَتِ اسْتَأْجِرْهُ ۖ إِنَّ خَيْرَ مَنِ اسْتَأْجَرْتَ الْقَوِيُّ الْأَمِينُ

    Цу шиннах цхьаммо элира: 'Дада‚ мехах болх бан вита иза‚ ахь мехах болх бан вуьтур волчех уггар диканиг ву иза нуьцкъала а‚ тешаме а ву'

    28:26
  25. قَالَ إِنِّي أُرِيدُ أَنْ أُنْكِحَكَ إِحْدَى ابْنَتَيَّ هَاتَيْنِ عَلَىٰ أَنْ تَأْجُرَنِي ثَمَانِيَ حِجَجٍ ۖ فَإِنْ أَتْمَمْتَ عَشْرًا فَمِنْ عِنْدِكَ ۖ وَمَا أُرِيدُ أَنْ أَشُقَّ عَلَيْكَ ۚ سَتَجِدُنِي إِنْ شَاءَ اللَّهُ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Цо (ШуӀайбс) элира: 'Суна лаьа хӀокху сан шина йоӀах цхьаъ хьоьга маре яла ахь суна болх барх борхӀ шарахь. Ахь итт шо кхочушдахь и хьоьгара хир ду‚ хьуна хало ян лууш вац со. Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ дикачарах'

    28:27
  26. قَالَ ذَٰلِكَ بَيْنِي وَبَيْنَكَ ۖ أَيَّمَا الْأَجَلَيْنِ قَضَيْتُ فَلَا عُدْوَانَ عَلَيَّ ۖ وَاللَّهُ عَلَىٰ مَا نَقُولُ وَكِيلٌ

    Цо (Мусас) элира: 'ХӀара суна а‚ хьуна а юкъахь ду. Цу шиннах муьлхха зама ас кхочушъяхь‚ дов дийр дац соьца. И Дела вай олучунна тӀехь векал ма ву'

    28:28

Гочдар: Магомед Магомедов