Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 32 – 38

  1. اسْلُكْ يَدَكَ فِي جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ وَاضْمُمْ إِلَيْكَ جَنَاحَكَ مِنَ الرَّهْبِ ۖ فَذَانِكَ بُرْهَانَانِ مِنْ رَبِّكَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ

    Хьан куьг че долла‚ /тккха схьаадаккха и/ - схьадер ду кӀайн хилла цхьа а зен доцуш. ТӀетаӀаде /хьан аьтту куьг/ хьан /дагна/ т – ддер ду хьан /текхаргах/ кхерар. И шиъ билгало ю хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара ФирӀавне а‚ цуьнан элашка а. Баккъалла а, уьш хили-кх песакъ къам'

    28:32
  2. قَالَ رَبِّ إِنِّي قَتَلْتُ مِنْهُمْ نَفْسًا فَأَخَافُ أَنْ يَقْتُلُونِ

    Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ ас царах стаг ма вина‚ со кхоьру-кх цара со вēн

    28:33
  3. وَأَخِي هَارُونُ هُوَ أَفْصَحُ مِنِّي لِسَانًا فَأَرْسِلْهُ مَعِيَ رِدْءًا يُصَدِّقُنِي ۖ إِنِّي أَخَافُ أَنْ يُكَذِّبُونِ

    И сан ваша ХӀарун‚ иза сол мелхо а говза ма ву маттаца‚ ваийтахь иза соьца гӀоьнча хилла‚ со бакъхилар чӀагӀдийр дара цо. Баккъалла а, со кхоьру цара со харцварна'

    28:34
  4. قَالَ سَنَشُدُّ عَضُدَكَ بِأَخِيكَ وَنَجْعَلُ لَكُمَا سُلْطَانًا فَلَا يَصِلُونَ إِلَيْكُمَا ۚ بِآيَاتِنَا أَنْتُمَا وَمَنِ اتَّبَعَكُمَا الْغَالِبُونَ

    Цо (Дала) элира: 'Оха чӀагӀвийр ву хьо хьан вешица‚ Оха хуьлуьйтур ю шуна шинна бакъо‚ шуна шинна тӀекхочур бац уьш. Тхан аяташца шу шиъ а‚ шуна шинна тӀаьхьа мел ваьзнарг тоьлур ву'

    28:35
  5. فَلَمَّا جَاءَهُمْ مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا بَيِّنَاتٍ قَالُوا مَا هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُفْتَرًى وَمَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِي آبَائِنَا الْأَوَّلِينَ

    Шайга веъча Муса Тхан билгалчу аяташца‚ цара элира: 'ХӀара ма дац /наха/ кхоьллина бозбуунчалла бен‚ тхуна-м ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь'

    28:36
  6. وَقَالَ مُوسَىٰ رَبِّي أَعْلَمُ بِمَنْ جَاءَ بِالْهُدَىٰ مِنْ عِنْدِهِ وَمَنْ تَكُونُ لَهُ عَاقِبَةُ الدَّارِ ۖ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ

    Элира ткъа Мусас: 'Сан Кхиош-кхобург ву-кх дика хууш Шегара нийсачу некъаца мила веана а‚ /дахаран/ хӀусаман тӀаьхье хьенан хир ю а. Баккъалла а, зуламхой баккхийбийр ма бац'

    28:37
  7. وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ مَا عَلِمْتُ لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرِي فَأَوْقِدْ لِي يَا هَامَانُ عَلَى الطِّينِ فَاجْعَلْ لِي صَرْحًا لَعَلِّي أَطَّلِعُ إِلَىٰ إِلَٰهِ مُوسَىٰ وَإِنِّي لَأَظُنُّهُ مِنَ الْكَاذِبِينَ

    ФирӀавнас элира: 'ХӀай элий! Суна ца хиънера шуна со воцург /кхин/ дела. ЦӀе латае суна‚ хӀай ХӀаман, поппарах (кибарчигаш йотта), тӀаккха /лекха/ гӀала е суна, со мега Мусан Далла тӀекхача. Баккъалла а, суна иза хеташ ву харцлуьйчарах'

    28:38

Гочдар: Магомед Магомедов