Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 36 – 40

  1. فَلَمَّا جَاءَهُمْ مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا بَيِّنَاتٍ قَالُوا مَا هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُفْتَرًى وَمَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِي آبَائِنَا الْأَوَّلِينَ

    Шайга веъча Муса Тхан билгалчу аяташца‚ цара элира: 'ХIара ма дац /наха/ кхоьллина бозбуунчалла бен‚ тхуна-м ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь'

    28:36
  2. وَقَالَ مُوسَىٰ رَبِّي أَعْلَمُ بِمَنْ جَاءَ بِالْهُدَىٰ مِنْ عِنْدِهِ وَمَنْ تَكُونُ لَهُ عَاقِبَةُ الدَّارِ ۖ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ

    Элира ткъа Мусас: 'Сан Кхиош-кхобург ву-кх дика хууш Шегара нийсачу некъаца мила веана а‚ /дахаран/ хIусаман тIаьхье хьенан хир ю а. Баккъалла а, зуламхой баккхийбийр ма бац'

    28:37
  3. وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ مَا عَلِمْتُ لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرِي فَأَوْقِدْ لِي يَا هَامَانُ عَلَى الطِّينِ فَاجْعَلْ لِي صَرْحًا لَعَلِّي أَطَّلِعُ إِلَىٰ إِلَٰهِ مُوسَىٰ وَإِنِّي لَأَظُنُّهُ مِنَ الْكَاذِبِينَ

    ФирIавнас элира: 'ХIай элий! Суна ца хиънера шуна со воцург /кхин/ дела. ЦIе латае суна‚ хIай ХIаман, поппарах (кибарчигаш йотта), тIаккха /лекха/ гIала е суна, со мега Мусан Далла тIекхача. Баккъалла а, суна иза хеташ ву харцлуьйчарах'

    28:38
  4. وَاسْتَكْبَرَ هُوَ وَجُنُودُهُ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ إِلَيْنَا لَا يُرْجَعُونَ

    Куравелира иза а‚ цуьнан эскар а лаьттахь курабовла хьакъ боцуш‚ царна меттара шаьш Тхуна тIе юхадерзор а дац

    28:39
  5. فَأَخَذْنَاهُ وَجُنُودَهُ فَنَبَذْنَاهُمْ فِي الْيَمِّ ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الظَّالِمِينَ

    Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ тIаккха Оха кхоьссира уьш хIорда чу. Хьажал хьо‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!

    28:40

Гочдар: Магомед Магомедов