Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 38 – 39

  1. وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ مَا عَلِمْتُ لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرِي فَأَوْقِدْ لِي يَا هَامَانُ عَلَى الطِّينِ فَاجْعَلْ لِي صَرْحًا لَعَلِّي أَطَّلِعُ إِلَىٰ إِلَٰهِ مُوسَىٰ وَإِنِّي لَأَظُنُّهُ مِنَ الْكَاذِبِينَ

    ФирӀавнас элира: 'ХӀай элий! Суна ца хиънера шуна со воцург /кхин/ дела. ЦӀе латае суна‚ хӀай ХӀаман, поппарах (кибарчигаш йотта), тӀаккха /лекха/ гӀала е суна, со мега Мусан Далла тӀекхача. Баккъалла а, суна иза хеташ ву харцлуьйчарах'

    28:38
  2. وَاسْتَكْبَرَ هُوَ وَجُنُودُهُ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ إِلَيْنَا لَا يُرْجَعُونَ

    Куравелира иза а‚ цуьнан эскар а лаьттахь курабовла хьакъ боцуш‚ царна меттара шаьш Тхуна тӀе юхадерзор а дац

    28:39

Гочдар: Магомед Магомедов