Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 43 – 50
-
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ مِنْ بَعْدِ مَا أَهْلَكْنَا الْقُرُونَ الْأُولَىٰ بَصَائِرَ لِلنَّاسِ وَهُدًى وَرَحْمَةً لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
Хьалхалера тӀаьхьенаш хӀаллакйинчул тӀаьхьа Оха делира Мусага жайна, ша нахана гуш долу делилаш а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу‚ цара дагадайта мегара-кх‚ аьлла
28:43 -
وَمَا كُنْتَ بِجَانِبِ الْغَرْبِيِّ إِذْ قَضَيْنَا إِلَىٰ مُوسَى الْأَمْرَ وَمَا كُنْتَ مِنَ الشَّاهِدِينَ
Хьо вацара /хй Мухьаммад/ малхбузен агӀонгахь Оха Мусага гӀуллакх сацадечу хенахь‚ хьо вацара /цигахь/ хиллачарах
28:44 -
وَلَٰكِنَّا أَنْشَأْنَا قُرُونًا فَتَطَاوَلَ عَلَيْهِمُ الْعُمُرُ ۚ وَمَا كُنْتَ ثَاوِيًا فِي أَهْلِ مَدْيَنَ تَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا وَلَٰكِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ
Делахь а, Оха кхиира тӀаьхьенаш‚ дахделира царна тӀехь дахар. Хьо вацара лаьтташ Мадйан охӀла юккъехь царна Тхан аяташ а дуьйцуш‚ делахь а, Тхо дара бохкуьйтурш /элчанаш/
28:45 -
وَمَا كُنْتَ بِجَانِبِ الطُّورِ إِذْ نَادَيْنَا وَلَٰكِنْ رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ لِتُنْذِرَ قَوْمًا مَا أَتَاهُمْ مِنْ نَذِيرٍ مِنْ قَبْلِكَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
Хьо вацара Тр ламанан агӀонгахь Оха /Мусага/ кхийкхича‚ делахь а, хьан Кхиош-кхобучун къинхетамца /ваийтина хьо/ ахь кхерам тасан къомана‚ шена тӀе хьол хьалха /цхьа а/ кхерамча ца веана долчу‚ цара ойла йийр яцара-те?
28:46 -
وَلَوْلَا أَنْ تُصِيبَهُمْ مُصِيبَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ فَيَقُولُوا رَبَّنَا لَوْلَا أَرْسَلْتَ إِلَيْنَا رَسُولًا فَنَتَّبِعَ آيَاتِكَ وَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
/Оха къурайшашка элча ца вахийтинехьара/ шайна бохам хилча шайн куьйгаша хьалха кечдийнарг бахьанехь‚ цара эр ма дара: 'Тхан Кхиош-кхобург! Ахь ваийтина хиллехьара тхоьга элча‚ тхо тӀаьхьахӀуттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо хир ма дара тешачарах'
28:47 -
فَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ مِنْ عِنْدِنَا قَالُوا لَوْلَا أُوتِيَ مِثْلَ مَا أُوتِيَ مُوسَىٰ ۚ أَوَلَمْ يَكْفُرُوا بِمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ مِنْ قَبْلُ ۖ قَالُوا سِحْرَانِ تَظَاهَرَا وَقَالُوا إِنَّا بِكُلٍّ كَافِرُونَ
Шайга Тхоьгара бакъдерг деъча‚ цара элира: 'Цуьнга (Мухьаммад пайхамаре) делла хиллехьара Мусага делларг'. Ткъа цара харц ца дира Мусага делларг хьалха? Цара ма элира: 'Ши бозбуунчалла (Къуръан а‚ Таврат а) ду, вовшашна гӀо а деш'. Ма элира цара: 'Массох а ца теша /тхо/'
28:48 -
قُلْ فَأْتُوا بِكِتَابٍ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ هُوَ أَهْدَىٰ مِنْهُمَا أَتَّبِعْهُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Ахь āла: 'Схьало Делера жайна, ша цу шиннал (Къуръанал а‚ Тавратал а) нийса а долуш‚ со цунна тӀаьхьахӀуттур ву, шу бакълуьйш хиллехь'
28:49 -
فَإِنْ لَمْ يَسْتَجِيبُوا لَكَ فَاعْلَمْ أَنَّمَا يَتَّبِعُونَ أَهْوَاءَهُمْ ۚ وَمَنْ أَضَلُّ مِمَّنِ اتَّبَعَ هَوَاهُ بِغَيْرِ هُدًى مِنَ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Цара хьуна жоп ца лахь‚ хьуна хаалахь уьш деккъа шайн дезаршна тӀаьхьабевла буйла. Мила ву ткъа тиламе, Делера нийса некъ а боцуш, шен дезарна тӀаьхьаваьллачул? Баккъалла а, Дала нис ца до зуламе къам
28:50
Гочдар: Магомед Магомедов