Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 51 – 60
-
وَلَقَدْ وَصَّلْنَا لَهُمُ الْقَوْلَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
Оха кхачийра цаьрга дош тӀеттӀа, цара ойла йийр яцара-те?
28:51 -
الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِهِ هُمْ بِهِ يُؤْمِنُونَ
Оха шайна цул (Къуръанал) хьалха жайна (Таврат, Инжил…) делларш уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу
28:52 -
وَإِذَا يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ قَالُوا آمَنَّا بِهِ إِنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّنَا إِنَّا كُنَّا مِنْ قَبْلِهِ مُسْلِمِينَ
Иза шайна дешча, цара элира: 'Тхо цунах тешна‚ баккъалла а, иза бакъдерг ду вайн Кхиош-кхобучунгара‚ тхо хилира цул хьалха бусалбанаш.'
28:53 -
أُولَٰئِكَ يُؤْتَوْنَ أَجْرَهُمْ مَرَّتَيْنِ بِمَا صَبَرُوا وَيَدْرَءُونَ بِالْحَسَنَةِ السَّيِّئَةَ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ
Уьш царна лур бу шайн мах шозза цара собар дарна а‚ цара вониг дикачуьнца духатухуш хиларна а‚ Оха шайна деллачу рицӀкъех цара /диканна тхь/ харжаш ярна а
28:54 -
وَإِذَا سَمِعُوا اللَّغْوَ أَعْرَضُوا عَنْهُ وَقَالُوا لَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ لَا نَبْتَغِي الْجَاهِلِينَ
Шайна даьсса хабар хезча‚ цунах дӀакъаьста уьш‚ олуш: 'Тхуна тхан Ӏамалш ю‚ шуна шайн Ӏамалш ю‚ салам хуьлда шуна‚ тхо ца гӀерта жехӀал нахана тӀе'
28:55 -
إِنَّكَ لَا تَهْدِي مَنْ أَحْبَبْتَ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ
Баккъалла а, ахь нисвийр вац хьайна везнарг‚ делахь а, Дала нисво Шена луург. Иза дика бевзаш ву нисбелларш
28:56 -
وَقَالُوا إِنْ نَتَّبِعِ الْهُدَىٰ مَعَكَ نُتَخَطَّفْ مِنْ أَرْضِنَا ۚ أَوَلَمْ نُمَكِّنْ لَهُمْ حَرَمًا آمِنًا يُجْبَىٰ إِلَيْهِ ثَمَرَاتُ كُلِّ شَيْءٍ رِزْقًا مِنْ لَدُنَّا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Цара (къурайшин тайпан наха) элира: 'Тхо нийсачу некъана тӀаьхьахӀиттича хьоьца цхьана‚ тхо тхан лаьттах дохур ма ду /кхечу Ӏаьрбаша/'. Оха чӀагӀ ца йира ткъа царна тешаме хьарам‚ цига массо а хӀуманан стоьмаш кхоьхьуш Тхоьгара рицкъ хилла? Делахь а, царах дукхах болчарна ца хаьа-кх
28:57 -
وَكَمْ أَهْلَكْنَا مِنْ قَرْيَةٍ بَطِرَتْ مَعِيشَتَهَا ۖ فَتِلْكَ مَسَاكِنُهُمْ لَمْ تُسْكَنْ مِنْ بَعْدِهِمْ إِلَّا قَلِيلًا ۖ وَكُنَّا نَحْنُ الْوَارِثِينَ
Мел хӀаллакйира оха юрт‚ кураяьлла хилла йолу шен дахарехь. ХӀорш ю церан гӀишлош‚ /шайна чохь/ царал тӀаьхьа кӀеззиг бен /нах/ ца бехаш. Тхо хилира ирс оьцурш
28:58 -
وَمَا كَانَ رَبُّكَ مُهْلِكَ الْقُرَىٰ حَتَّىٰ يَبْعَثَ فِي أُمِّهَا رَسُولًا يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا ۚ وَمَا كُنَّا مُهْلِكِي الْقُرَىٰ إِلَّا وَأَهْلُهَا ظَالِمُونَ
Хьан Кхиош-кхобург ца хилира ярташ хӀаллакйеш церан нахалахь элча ца вохуьйтуш‚ цо царна Тхан аяташ а доьшуш. Тхо ца хилира ярташ хӀаллакйеш‚ церан бахархой зулам деш болуш бен
28:59 -
وَمَا أُوتِيتُمْ مِنْ شَيْءٍ فَمَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَزِينَتُهَا ۚ وَمَا عِنْدَ اللَّهِ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Шуна делла хӀума иза дуьненан дахаран /кззиг/ хма ду‚ цуьнан хазалла а ю-/чекхдер долуш а ду и дерриге а/. Далла гергахьдерг дика а‚ мелхо а бухадуьссуш а ду. Шу хьекъале ца хуьлу /и диканиг а, бухадуьсург а харжа/?
28:60
Гочдар: Магомед Магомедов