Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 61 – 75
-
أَفَمَنْ وَعَدْنَاهُ وَعْدًا حَسَنًا فَهُوَ لَاقِيهِ كَمَنْ مَتَّعْنَاهُ مَتَاعَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ثُمَّ هُوَ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مِنَ الْمُحْضَرِينَ
Оха шеца /ялсамане гӀур ву аьлла/ хаза ваӀда йинарг, иза цунах кхиар а волуш, тера вуй ткъа Оха шена дуьненан дахаран хьал делла, тӀаьхьа ша къематдийнахь /жоьжахате/ бахийтинчарах хир волчух?
28:61 -
وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنْتُمْ تَزْعُمُونَ
Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: 'Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна Соьца хилла моьттуш хилла болу?'
28:62 -
قَالَ الَّذِينَ حَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ رَبَّنَا هَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ أَغْوَيْنَا أَغْوَيْنَاهُمْ كَمَا غَوَيْنَا ۖ تَبَرَّأْنَا إِلَيْكَ ۖ مَا كَانُوا إِيَّانَا يَعْبُدُونَ
Эр шайна тӀехь /жоьжахате гӀур бу аьлла/ дош бакъхиллачара: 'Тхо Кхиош-кхобург‚ хӀорш бу оха тилинарш‚ оха уьш тилира тхаьш тиладарх терра. Тхо цӀандели /царах/ Хьоьга /дерзарца/. Уьш ца хилла тхуна Ӏибадат деш'
28:63 -
وَقِيلَ ادْعُوا شُرَكَاءَكُمْ فَدَعَوْهُمْ فَلَمْ يَسْتَجِيبُوا لَهُمْ وَرَأَوُا الْعَذَابَ ۚ لَوْ أَنَّهُمْ كَانُوا يَهْتَدُونَ
Элира: 'Схьакхайкха шайн накъостий /шайна гӀо дан/'. Цара кхайкхира цаьрга. Цара жоп ца делира царна‚ царна гира Ӏазап. /Ма лиира царна шаьш/ нийсачу новкъахь хиллехьара‚ аьлла!
28:64 -
وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ مَاذَا أَجَبْتُمُ الْمُرْسَلِينَ
Оцу дийнахь Цо цаьрга кхойкхур ду‚ олуш: 'ХӀун жоп делира аш элчанашка?'
28:65 -
فَعَمِيَتْ عَلَيْهِمُ الْأَنْبَاءُ يَوْمَئِذٍ فَهُمْ لَا يَتَسَاءَلُونَ
Ӏаьржа хир ду царна хабарш оцу дийнахь‚ цара вовшашка хӀумма а хоьттур дац
28:66 -
فَأَمَّا مَنْ تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَعَسَىٰ أَنْ يَكُونَ مِنَ الْمُفْلِحِينَ
Амма тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Ӏамал йинарг а тарло иза хила баккхийбечарах
28:67 -
وَرَبُّكَ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ وَيَخْتَارُ ۗ مَا كَانَ لَهُمُ الْخِيَرَةُ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Хьан Кхиош-кхобучо кхуллу Шена луург‚ хоржа а хоржу. Дацара царна харжар. ЦӀанвели Дела /массо а кхачамбацарех/‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх
28:68 -
وَرَبُّكَ يَعْلَمُ مَا تُكِنُّ صُدُورُهُمْ وَمَا يُعْلِنُونَ
Хьан Кхиош-кхобучунна хаьа‚ хӀун дӀахьулдина церан дегнаша‚ хӀун цара дӀахьедош ду
28:69 -
وَهُوَ اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ لَهُ الْحَمْدُ فِي الْأُولَىٰ وَالْآخِرَةِ ۖ وَلَهُ الْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Иза АллахӀ-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Цунна хастам бу хьалхарчахь а‚ тӀаьхьарчахь а. Цуьнан ду хьукам а‚ Цунна тӀе дӀадерзор ду шу а
28:70 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ جَعَلَ اللَّهُ عَلَيْكُمُ اللَّيْلَ سَرْمَدًا إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُمْ بِضِيَاءٍ ۖ أَفَلَا تَسْمَعُونَ
Ахь āла: 'Дийцал суна‚ Дала шуна буьйса хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахӀ-Дела воцург муьлхачу дала шуна серло йоуьйтур яра? Шуна ца хозу-те?'
28:71 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ جَعَلَ اللَّهُ عَلَيْكُمُ النَّهَارَ سَرْمَدًا إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُمْ بِلَيْلٍ تَسْكُنُونَ فِيهِ ۖ أَفَلَا تُبْصِرُونَ
Ахь āла: 'Дийцал суна‚ Дала шуна де хилийтинехьара гуттарена къематде кхаччалц‚ АллахӀ-Дела воцург муьлхачу дала шуна буьйса йоуьйтур яра‚ аш шена чохь садоӀуш? Шуна ца го-те?
28:72 -
وَمِنْ رَحْمَتِهِ جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ لِتَسْكُنُوا فِيهِ وَلِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Цуьнан къинхетамах ду-кх Цо шуна буьйса а‚ де а хилийтар аш шена чохь садаӀа а‚ Цуьнан ниӀмат лаха а шу хила мегара баркалла олуш'
28:73 -
وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنْتُمْ تَزْعُمُونَ
Оцу дийнахь цаьрга Цо кхойкхур ду‚ олуш: 'Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна /шаьш Соьца/ хилла моьттуш болу?'
28:74 -
وَنَزَعْنَا مِنْ كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا فَقُلْنَا هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ فَعَلِمُوا أَنَّ الْحَقَّ لِلَّهِ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
Оха схьаваьккхира хӀор умматах теш‚ Оха элира: 'Схьадаладе шайн делилш'. Царна хиира бакъдерг Делан дуйла. Царах дӀатилира цара /Цунна тӀехь харц/ кхоьллина хилларг
28:75
Гочдар: Магомед Магомедов