Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 76 – 81

  1. إِنَّ قَارُونَ كَانَ مِنْ قَوْمِ مُوسَىٰ فَبَغَىٰ عَلَيْهِمْ ۖ وَآتَيْنَاهُ مِنَ الْكُنُوزِ مَا إِنَّ مَفَاتِحَهُ لَتَنُوءُ بِالْعُصْبَةِ أُولِي الْقُوَّةِ إِذْ قَالَ لَهُ قَوْمُهُ لَا تَفْرَحْ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْفَرِحِينَ

    Баккъалла а, Къāрýн вара Мусан къомах. Царна зулам дора цо. Оха еллера цунна хазнаш‚ шен догӀанаш цо ницкъ болчу тобанца халла дсакхоьхьуш хилла йолу. Цуьнга ма элира цуьнан къомо: 'Хьо воккха ма ве. Баккъалла а, Далла ца беза баккхийбедаш берш

    28:76
  2. وَابْتَغِ فِيمَا آتَاكَ اللَّهُ الدَّارَ الْآخِرَةَ ۖ وَلَا تَنْسَ نَصِيبَكَ مِنَ الدُّنْيَا ۖ وَأَحْسِنْ كَمَا أَحْسَنَ اللَّهُ إِلَيْكَ ۖ وَلَا تَبْغِ الْفَسَادَ فِي الْأَرْضِ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْمُفْسِدِينَ

    Ахь лаха хьуна Дала деллачохь эхартан цӀа‚ диц ма де дуьненах хьан дāкъа а. Диканиг де‚ Дала хьуна диканиг ма ди. Ма гӀерта лаьттахь пасад хӀуманна тӀе. Баккъалла а, Далла ца беза пасад хӀума деш берш'

    28:77
  3. قَالَ إِنَّمَا أُوتِيتُهُ عَلَىٰ عِلْمٍ عِنْدِي ۚ أَوَلَمْ يَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ قَدْ أَهْلَكَ مِنْ قَبْلِهِ مِنَ الْقُرُونِ مَنْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُ قُوَّةً وَأَكْثَرُ جَمْعًا ۚ وَلَا يُسْأَلُ عَنْ ذُنُوبِهِمُ الْمُجْرِمُونَ

    Цо (Къāрýна) элира: 'Иза (хьал‚ даьхни) суна делла соьгара Ӏилма бахьанехь'. Цунна ца хаьа-те Дала хӀинцале мел /дуккха/ тӀаьхьенаш хӀаллакйина цул хьалха‚ цул ницкъаца мелхо а чӀогӀа йолуш‚ гулдарца (хьал‚ даьхни) мелхо а алсам йолуш. Шайн къинойх лаьцна хоьттур а дац къиношдечаьрга (Далла и дика хаьа дела)

    28:78
  4. فَخَرَجَ عَلَىٰ قَوْمِهِ فِي زِينَتِهِ ۖ قَالَ الَّذِينَ يُرِيدُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا يَا لَيْتَ لَنَا مِثْلَ مَا أُوتِيَ قَارُونُ إِنَّهُ لَذُو حَظٍّ عَظِيمٍ

    Иза (Къāрýн) араваьлира шен къомана тӀе шен хазаллехь. Дуьненан дахар дезачара элира: 'ЭхӀ! Тхуна делахьара Къāрýнна делларг! Баккъалла а, ма деза-доккха дāкъа долуш ву-кх иза!'

    28:79
  5. وَقَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ وَيْلَكُمْ ثَوَابُ اللَّهِ خَيْرٌ لِمَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا وَلَا يُلَقَّاهَا إِلَّا الصَّابِرُونَ

    Шайна Ӏилма деллачара элира: 'Декъаза ма довла! Делан ял дика ю ийман диллинчунна а‚ дика Ӏамал йинчунна а. Иза дуьхьалкхетар ма яц собар диничарна а бен' /и хаза бекхам/

    28:80
  6. فَخَسَفْنَا بِهِ وَبِدَارِهِ الْأَرْضَ فَمَا كَانَ لَهُ مِنْ فِئَةٍ يَنْصُرُونَهُ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُنْتَصِرِينَ

    Оха латта бухавахийтира иза а‚ цуьнан цӀа а. Ца хилира цунна цхьа а гӀо деш тоба Далла дуьхьал‚ ца хилира иза а шена гӀо дечарах

    28:81

Гочдар: Магомед Магомедов