Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 79 – 80

  1. فَخَرَجَ عَلَىٰ قَوْمِهِ فِي زِينَتِهِ ۖ قَالَ الَّذِينَ يُرِيدُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا يَا لَيْتَ لَنَا مِثْلَ مَا أُوتِيَ قَارُونُ إِنَّهُ لَذُو حَظٍّ عَظِيمٍ

    Иза (Къāрýн) араваьлира шен къомана тӀе шен хазаллехь. Дуьненан дахар дезачара элира: 'ЭхӀ! Тхуна делахьара Къāрýнна делларг! Баккъалла а, ма деза-доккха дāкъа долуш ву-кх иза!'

    28:79
  2. وَقَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ وَيْلَكُمْ ثَوَابُ اللَّهِ خَيْرٌ لِمَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا وَلَا يُلَقَّاهَا إِلَّا الصَّابِرُونَ

    Шайна Ӏилма деллачара элира: 'Декъаза ма довла! Делан ял дика ю ийман диллинчунна а‚ дика Ӏамал йинчунна а. Иза дуьхьалкхетар ма яц собар диничарна а бен' /и хаза бекхам/

    28:80

Гочдар: Магомед Магомедов