Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар), аят 83 – 88

  1. تِلْكَ الدَّارُ الْآخِرَةُ نَجْعَلُهَا لِلَّذِينَ لَا يُرِيدُونَ عُلُوًّا فِي الْأَرْضِ وَلَا فَسَادًا ۚ وَالْعَاقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ

    И эхартан хӀусам Оха хуьлуьйтур ю лаьттахь лакхалла а‚ пасад ца дезачарна. ТӀаьхье /Делах/ кхоьручарна ю

    28:83
  2. مَنْ جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ خَيْرٌ مِنْهَا ۖ وَمَنْ جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَى الَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ إِلَّا مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Дикачуьнца веъначунна цунна цул а диканиг ду. Вочуьнца веънарг вонаш диначарна бекхам хир бац цара деш хилларг а бен

    28:84
  3. إِنَّ الَّذِي فَرَضَ عَلَيْكَ الْقُرْآنَ لَرَادُّكَ إِلَىٰ مَعَادٍ ۚ قُلْ رَبِّي أَعْلَمُ مَنْ جَاءَ بِالْهُدَىٰ وَمَنْ هُوَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Баккъалла а, хьуна Къуръан тӀе диллинчо хьо юхаверзор ма ву юхавоьрзучу меттиге. Ахь āла: 'Сан Кхиош-кхобучунна хаьа-кх нисчу новкъа веънарг а‚ билгалчу тиларчохь верг а'

    28:85
  4. وَمَا كُنْتَ تَرْجُو أَنْ يُلْقَىٰ إِلَيْكَ الْكِتَابُ إِلَّا رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ ظَهِيرًا لِلْكَافِرِينَ

    Хьо ма вацара дог дохуш хьайга жайна даларе хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам хилла а бен. Хьо хиллане а ма хилалахь /Делах/ цатешачарна гӀоьнча

    28:86
  5. وَلَا يَصُدُّنَّكَ عَنْ آيَاتِ اللَّهِ بَعْدَ إِذْ أُنْزِلَتْ إِلَيْكَ ۖ وَادْعُ إِلَىٰ رَبِّكَ ۖ وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Хьо духа ма тухийла Делан аятех уьш хьоьга доьссинчул тӀаьхьа. Хьан Кхиош-кхобучуьнга кхайкха! Хьо хиллане а ма хилалахь /Делаца/ накъост лоцучарах (мушрикунех)

    28:87
  6. وَلَا تَدْعُ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ ۘ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ كُلُّ شَيْءٍ هَالِكٌ إِلَّا وَجْهَهُ ۚ لَهُ الْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Ахь ма кхайкхалахь Делаца кхин деле. Кхин дела вац хьуна Иза бен. Массо а хӀума хӀаллакхир ю хьуна Цуьнан юьхь йоцург‚ Цуьнан ду хьукам‚ Цунна тӀе юхадерзор долуш ду шу а

    28:88

Гочдар: Магомед Магомедов