Сурат 29 Аль-Ӏанкабут (Гезг), аят 1 – 13
-
الم
Алиф-лāм-мúм
29:1 -
أَحَسِبَ النَّاسُ أَنْ يُتْرَكُوا أَنْ يَقُولُوا آمَنَّا وَهُمْ لَا يُفْتَنُونَ
Нахана моьттина-те шаьш дуьтур ду āла 'Оха ийман диллина'‚ шаьш питане ца луьйцуш?
29:2 -
وَلَقَدْ فَتَنَّا الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۖ فَلَيَعْلَمَنَّ اللَّهُ الَّذِينَ صَدَقُوا وَلَيَعْلَمَنَّ الْكَاذِبِينَ
Оха питане ма лаьцна царал хьалха хилларш а. Далла хууш ма бу хьуна бакълина хилларш а‚ Цунна хууш ма бу хьуна харцлуьйш берш а (Дала къастор бу ийманца бакъхилларш харцхиллачарал)
29:3 -
أَمْ حَسِبَ الَّذِينَ يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ أَنْ يَسْبِقُونَا ۚ سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ
Вониг деш берш моьттуш бара-те шаьш Тхол хьалхадевр ду? Ма вон хьукам деш бу-кх уьш!
29:4 -
مَنْ كَانَ يَرْجُو لِقَاءَ اللَّهِ فَإِنَّ أَجَلَ اللَّهِ لَآتٍ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Милла хиллехь Далла дуьхьалкхетаре дог дохуш Делан тоьхна хан йогӀур йолуш ма ю! Иза хозуш верг а‚ хууш верг а ма ву!
29:5 -
وَمَنْ جَاهَدَ فَإِنَّمَا يُجَاهِدُ لِنَفْسِهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَغَنِيٌّ عَنِ الْعَالَمِينَ
Милла велахь а /Делан гӀуллакхна тӀехь/ къахьоьгуш цо къахьоьгу шена. Баккъалла а, Дела ма вац Шен хьашташ долуш Ӏаламашкахь
29:6 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُكَفِّرَنَّ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَحْسَنَ الَّذِي كَانُوا يَعْمَلُونَ
Ийман диллина берш а‚ дика Ӏамал йинарш а царах айдийр ма ду Оха церан вонаш‚ бекхам бийр ма бу Оха царна шаьш деш хиллачул а хазōчуьнца
29:7 -
وَوَصَّيْنَا الْإِنْسَانَ بِوَالِدَيْهِ حُسْنًا ۖ وَإِنْ جَاهَدَاكَ لِتُشْرِكَ بِي مَا لَيْسَ لَكَ بِهِ عِلْمٌ فَلَا تُطِعْهُمَا ۚ إِلَيَّ مَرْجِعُكُمْ فَأُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Оха весет дина адамна шен деца-ненаца дика хилар. Нагахь санна цу шиммо къахьегахь Соьца хьоьга накъост лацийтархьама‚ хьуна шеца цхьа а Ӏилма доцуш‚ тӀаккха ахь цу шинга ла ма догӀалахь! Суна тӀе ду шун дӀадерзар‚ тӀаккха Ас шуьга дуьйцур ду аш деш хилларг
29:8 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُدْخِلَنَّهُمْ فِي الصَّالِحِينَ
Ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а уьш бохуьйтур бу Оха дикачарна юкъа
29:9 -
وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَقُولُ آمَنَّا بِاللَّهِ فَإِذَا أُوذِيَ فِي اللَّهِ جَعَلَ فِتْنَةَ النَّاسِ كَعَذَابِ اللَّهِ وَلَئِنْ جَاءَ نَصْرٌ مِنْ رَبِّكَ لَيَقُولُنَّ إِنَّا كُنَّا مَعَكُمْ ۚ أَوَلَيْسَ اللَّهُ بِأَعْلَمَ بِمَا فِي صُدُورِ الْعَالَمِينَ
Нахах бу шаьш олуш берш /багахула/: 'Оха ийман диллина Деле'. Тккха Деле ийман диллар бахьанехь шайна /цхьана нахера/ бохам хилча, цара лору нехан питна (бохам) Делан Ӏазапах тера. Хьан Кхиош-кхобучуьнгара толам беъча, цара олу: 'Баккъалла а, тхо шуьца ма дара'. Ткъа Дела вац дика хууш Ӏаламийн дегнашкахь дерг?
29:10 -
وَلَيَعْلَمَنَّ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَلَيَعْلَمَنَّ الْمُنَافِقِينَ
Банне а бевзаш бу хьуна Далла ийман диллинарш а‚ бевзаш бу хьуна Цунна мунепакъаш а (Дала гучудоккхур ду нахана церан а, вукхеран а хьал)
29:11 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا اتَّبِعُوا سَبِيلَنَا وَلْنَحْمِلْ خَطَايَاكُمْ وَمَا هُمْ بِحَامِلِينَ مِنْ خَطَايَاهُمْ مِنْ شَيْءٍ ۖ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
Цатешначара элира ийман диллинчаьрга: 'ТӀаьхьахӀитта тхан новкъа‚ оха хьур ду шун къинош'. Хьур ма дац цара церан къинойх цхьа а хӀума. Баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу!
29:12 -
وَلَيَحْمِلُنَّ أَثْقَالَهُمْ وَأَثْقَالًا مَعَ أَثْقَالِهِمْ ۖ وَلَيُسْأَلُنَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عَمَّا كَانُوا يَفْتَرُونَ
Цара хьур ма бу шайн моьхьаш а‚ /кхин/ моьхьаш а шайн моьхьашца. Цаьрга хоттур ма ду къематдийнахь цара /харц/ кхуллуш хиллачух
29:13
Гочдар: Магомед Магомедов