Сурат 29 Аль-Iанкабут (Гезг), аят 1 – 7

  1. الم

    Алиф-лāм-мúм

    29:1
  2. أَحَسِبَ النَّاسُ أَنْ يُتْرَكُوا أَنْ يَقُولُوا آمَنَّا وَهُمْ لَا يُفْتَنُونَ

    Нахана моьттина-те шаьш дуьтур ду āла 'Оха ийман диллина'‚ шаьш питане ца луьйцуш?

    29:2
  3. وَلَقَدْ فَتَنَّا الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۖ فَلَيَعْلَمَنَّ اللَّهُ الَّذِينَ صَدَقُوا وَلَيَعْلَمَنَّ الْكَاذِبِينَ

    Оха питане ма лаьцна царал хьалха хилларш а. Далла хууш ма бу хьуна бакълина хилларш а‚ Цунна хууш ма бу хьуна харцлуьйш берш а (Дала къастор бу ийманца бакъхилларш харцхиллачарал)

    29:3
  4. أَمْ حَسِبَ الَّذِينَ يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ أَنْ يَسْبِقُونَا ۚ سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ

    Вониг деш берш моьттуш бара-те шаьш Тхол хьалхадевр ду? Ма вон хьукам деш бу-кх уьш!

    29:4
  5. مَنْ كَانَ يَرْجُو لِقَاءَ اللَّهِ فَإِنَّ أَجَلَ اللَّهِ لَآتٍ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Милла хиллехь Далла дуьхьалкхетаре дог дохуш Делан тоьхна хан йогIур йолуш ма ю! Иза хозуш верг а‚ хууш верг а ма ву!

    29:5
  6. وَمَنْ جَاهَدَ فَإِنَّمَا يُجَاهِدُ لِنَفْسِهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَغَنِيٌّ عَنِ الْعَالَمِينَ

    Милла велахь а /Делан гIуллакхна тIехь/ къахьоьгуш цо къахьоьгу шена. Баккъалла а, Дела ма вац Шен хьашташ долуш Iаламашкахь

    29:6
  7. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُكَفِّرَنَّ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَحْسَنَ الَّذِي كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Ийман диллина берш а‚ дика Iамал йинарш а царах айдийр ма ду Оха церан вонаш‚ бекхам бийр ма бу Оха царна шаьш деш хиллачул а хазōчуьнца

    29:7

Гочдар: Магомед Магомедов