Сурат 29 Аль-Ӏанкабут (Гезг), аят 14 – 22

  1. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ فَلَبِثَ فِيهِمْ أَلْفَ سَنَةٍ إِلَّا خَمْسِينَ عَامًا فَأَخَذَهُمُ الطُّوفَانُ وَهُمْ ظَالِمُونَ

    Оха вахийтира Нухь шен къомана тӀе. Иза лаьттира царна юккъехь эзар шарахь шовзткъе итт шо ттоьхча‚ тӀаккха уьш схьалецира тӀовфано шаьш зуламхой хилла

    29:14
  2. فَأَنْجَيْنَاهُ وَأَصْحَابَ السَّفِينَةِ وَجَعَلْنَاهَا آيَةً لِلْعَالَمِينَ

    Оха кӀелхьарваьккхира иза а‚ кеманан дай а‚ хилийтира цунах Ӏаламашна делил

    29:15
  3. وَإِبْرَاهِيمَ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاتَّقُوهُ ۖ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    ИбрахӀим а /вахийтира Оха шен къомана тӀе/‚ цо ма элира шен къоме: 'Далла Ӏибидат де‚ Цунах кхера. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь

    29:16
  4. إِنَّمَا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَوْثَانًا وَتَخْلُقُونَ إِفْكًا ۚ إِنَّ الَّذِينَ تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ لَا يَمْلِكُونَ لَكُمْ رِزْقًا فَابْتَغُوا عِنْدَ اللَّهِ الرِّزْقَ وَاعْبُدُوهُ وَاشْكُرُوا لَهُ ۖ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Баккъалла а, шу Ӏибадат деш ду-кх Дела а витина жаршна‚ кхуллуш ду эладита. Баккъалла а, и Дела а витина аш Ӏибадат дечеран долахь ма дац шун рицкъ. Аш лаха Далла гергахь рицкъ‚ Цунна Ӏибадат де‚ Цунна баркалла а āла. Цунна тӀе юхадерзор ду шу

    29:17
  5. وَإِنْ تُكَذِّبُوا فَقَدْ كَذَّبَ أُمَمٌ مِنْ قَبْلِكُمْ ۖ وَمَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ

    Аш и харцдахь харцдира шуна и халкъаша шул хьалха а. Элчанна тӀехь-м ма дац билгала дӀакхачор бен'

    29:18
  6. أَوَلَمْ يَرَوْا كَيْفَ يُبْدِئُ اللَّهُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ

    Царна ца хиъна-те‚ муха кхуллу Дала кхоллар‚ тӀаккха карладоккху иза. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду

    29:19
  7. قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ بَدَأَ الْخَلْقَ ۚ ثُمَّ اللَّهُ يُنْشِئُ النَّشْأَةَ الْآخِرَةَ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Ахь āла: 'Лела лаьттахула‚ хьажа‚ муха долийна Цо кхоллар‚ тӀаккха Дала кхуьуьйту тӀаьххьара кхолладалар (къематдийнахь халкъ юхадендар). Баккъалла а, Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ма ву

    29:20
  8. يُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ وَيَرْحَمُ مَنْ يَشَاءُ ۖ وَإِلَيْهِ تُقْلَبُونَ

    Ӏазап до Цо Шена луучунна‚ къинхетам бо Шена луучух‚ Цунна тӀе дӀадерзор долуш ду шу а

    29:21
  9. وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ ۖ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ

    Шу ма дац гӀелдийр долуш /хӀумма а/ лаьттахь а‚ стиглахь а. Ма вац шуна Дела воцург вали а‚ гӀоьнча а.'

    29:22

Гочдар: Магомед Магомедов