Сурат 29 Аль-Ӏанкабут (Гезг), аят 23 – 30
-
وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ وَلِقَائِهِ أُولَٰئِكَ يَئِسُوا مِنْ رَحْمَتِي وَأُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Делан аятех а‚ Цунна дуьхьалкхетарх а цатешнарш цара дог диллина Сан къинхетамах‚ уьш бу шайна лазош долу Ӏазап хир дерш
29:23 -
فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَنْ قَالُوا اقْتُلُوهُ أَوْ حَرِّقُوهُ فَأَنْجَاهُ اللَّهُ مِنَ النَّارِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Ца хилира цуьнан къоман жоп цара алар бен: 'Ве иза‚ я вагаве иза!' Оха кӀелхьарваьккхира /ИбрахӀим/ цӀарах. Баккъалла а, цу чохь аяташ (делилаш) ма ду тешачу къомана
29:24 -
وَقَالَ إِنَّمَا اتَّخَذْتُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَوْثَانًا مَوَدَّةَ بَيْنِكُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ ثُمَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكْفُرُ بَعْضُكُمْ بِبَعْضٍ وَيَلْعَنُ بَعْضُكُمْ بَعْضًا وَمَأْوَاكُمُ النَّارُ وَمَا لَكُمْ مِنْ نَاصِرِينَ
Цо (ИбрахӀимо) элира: 'Баккъалла а, аш леци-кх Дела а витина жарш (цӀуш) безам хилла вовший юккъехь дуьненан дахарехь. ТӀаьхьа къематдийнахь шух цхьаболчара вукхарна керстадийр ма ду‚ цхьаболчара вукхарна неӀалт эр ма ду‚ шун чугӀойла цӀе ма ю. Ма бац шуна цхьа а гӀоьнчий'
29:25 -
فَآمَنَ لَهُ لُوطٌ ۘ وَقَالَ إِنِّي مُهَاجِرٌ إِلَىٰ رَبِّي ۖ إِنَّهُ هُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Цунах тийшира ЛутӀ. Цо элира: 'Со дӀакхелха сан Кхиош-кхобучуьнга‚ баккъалла а, Иза ву веза верг а‚ хьукаме верг а'
29:26 -
وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَجَعَلْنَا فِي ذُرِّيَّتِهِ النُّبُوَّةَ وَالْكِتَابَ وَآتَيْنَاهُ أَجْرَهُ فِي الدُّنْيَا ۖ وَإِنَّهُ فِي الْآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ
Оха велира цунна (ИбрахӀимна) Исхьакъ а‚ ЯӀкъуб а‚ хилийтира цуьнан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а, дӀаелира цунна шен ял дуьненахь. Баккъалла а, иза эхартахь а дикачарах ма ву
29:27 -
وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ مَا سَبَقَكُمْ بِهَا مِنْ أَحَدٍ مِنَ الْعَالَمِينَ
ЛутӀ а /хьахаве/‚ цо ма элира шен къоме: 'Баккъалла а, аш дахьаш ма ду боьханиг‚ шеца Ӏаламех шул хьалха цхьа а ца ваьлларг
29:28 -
أَئِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ وَتَقْطَعُونَ السَّبِيلَ وَتَأْتُونَ فِي نَادِيكُمُ الْمُنْكَرَ ۖ فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَنْ قَالُوا ائْتِنَا بِعَذَابِ اللَّهِ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Шу доьду ткъа божаршна тӀе‚ аш хеда ма бо ткъа некъ. Аш леладо шайн синкъерамехь ирчаниг.' Ца хилира цуьнан къоман жоп цара āлар бен: 'Дайта тхуна Делан Ӏазап‚ хьо хиллехь бакълуьйчарах'
29:29 -
قَالَ رَبِّ انْصُرْنِي عَلَى الْقَوْمِ الْمُفْسِدِينَ
Цо элира /Деле доьхуш/: 'Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь гӀо делахь суна пасад хӀума лелочу къомана тӀехь'
29:30
Гочдар: Магомед Магомедов