Сурат 29 Аль-Iанкабут (Гезг), аят 28 – 32

  1. وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ مَا سَبَقَكُمْ بِهَا مِنْ أَحَدٍ مِنَ الْعَالَمِينَ

    ЛутI а /хьахаве/‚ цо ма элира шен къоме: 'Баккъалла а, аш дахьаш ма ду боьханиг‚ шеца Iаламех шул хьалха цхьа а ца ваьлларг

    29:28
  2. أَئِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ وَتَقْطَعُونَ السَّبِيلَ وَتَأْتُونَ فِي نَادِيكُمُ الْمُنْكَرَ ۖ فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَنْ قَالُوا ائْتِنَا بِعَذَابِ اللَّهِ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Шу доьду ткъа божаршна тIе‚ аш хеда ма бо ткъа некъ. Аш леладо шайн синкъерамехь ирчаниг.' Ца хилира цуьнан къоман жоп цара āлар бен: 'Дайта тхуна Делан Iазап‚ хьо хиллехь бакълуьйчарах'

    29:29
  3. قَالَ رَبِّ انْصُرْنِي عَلَى الْقَوْمِ الْمُفْسِدِينَ

    Цо элира /Деле доьхуш/: 'Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь гIо делахь суна пасад хIума лелочу къомана тIехь'

    29:30
  4. وَلَمَّا جَاءَتْ رُسُلُنَا إِبْرَاهِيمَ بِالْبُشْرَىٰ قَالُوا إِنَّا مُهْلِكُو أَهْلِ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ ۖ إِنَّ أَهْلَهَا كَانُوا ظَالِمِينَ

    Тхан элчанаш баьхкича ИбрахIимна тIе кхаъца‚ цара элира: 'Баккъалла а, тхо ду хIокху юьртан нах хIаллакбан дохкуш. Баккъалла а, цуьнан нах хили зуламхой'

    29:31
  5. قَالَ إِنَّ فِيهَا لُوطًا ۚ قَالُوا نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَنْ فِيهَا ۖ لَنُنَجِّيَنَّهُ وَأَهْلَهُ إِلَّا امْرَأَتَهُ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ

    Цо (ИбрахIим пайхамара) элира: 'Ткъа царна юккъехь ЛутI ма вуй'. Цара элира: 'Тхо дика хууш ду цу чохь мила ву. Оха ваккханне а кIелхьарвоккхур ву иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан зуда йоцург иза хили /халлакхилла/ байначарах'

    29:32

Гочдар: Магомед Магомедов