Сурат 29 Аль-Ӏанкабут (Гезг), аят 31 – 44

  1. وَلَمَّا جَاءَتْ رُسُلُنَا إِبْرَاهِيمَ بِالْبُشْرَىٰ قَالُوا إِنَّا مُهْلِكُو أَهْلِ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ ۖ إِنَّ أَهْلَهَا كَانُوا ظَالِمِينَ

    Тхан элчанаш баьхкича ИбрахӀимна тӀе кхаъца‚ цара элира: 'Баккъалла а, тхо ду хӀокху юьртан нах хӀаллакбан дохкуш. Баккъалла а, цуьнан нах хили зуламхой'

    29:31
  2. قَالَ إِنَّ فِيهَا لُوطًا ۚ قَالُوا نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَنْ فِيهَا ۖ لَنُنَجِّيَنَّهُ وَأَهْلَهُ إِلَّا امْرَأَتَهُ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ

    Цо (ИбрахӀим пайхамара) элира: 'Ткъа царна юккъехь ЛутӀ ма вуй'. Цара элира: 'Тхо дика хууш ду цу чохь мила ву. Оха ваккханне а кӀелхьарвоккхур ву иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан зуда йоцург иза хили /халлакхилла/ байначарах'

    29:32
  3. وَلَمَّا أَنْ جَاءَتْ رُسُلُنَا لُوطًا سِيءَ بِهِمْ وَضَاقَ بِهِمْ ذَرْعًا وَقَالُوا لَا تَخَفْ وَلَا تَحْزَنْ ۖ إِنَّا مُنَجُّوكَ وَأَهْلَكَ إِلَّا امْرَأَتَكَ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ

    Тхан элчанаш баьхкича ЛутӀ волчу, уьш бахьанехь пошме хилира иза‚ дог гатделира /кийрахь – уьш шен къоман боьхачу хӀуманах ларбалур бац шена моттаделла/. Цара /шаьш Делан элчий дуй хаийтина/ элира: 'Хьо ма кхера‚ ахь сагат ма де. Баккъалла а, тхо ду хьо а, хьан доьзал а кӀелхьардохур дерш‚ хьан зуда йоцург иза хили /хӀаллакхилла/ байначарах

    29:33
  4. إِنَّا مُنْزِلُونَ عَلَىٰ أَهْلِ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ رِجْزًا مِنَ السَّمَاءِ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ

    Баккъалла а, Оха доссор ду хӀокху юьртан нахана тӀе стиглара Ӏазап уьш песакх хиларна'

    29:34
  5. وَلَقَدْ تَرَكْنَا مِنْهَا آيَةً بَيِّنَةً لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ

    Оха дитира цунах билгала асар хьекъалечу нахана

    29:35
  6. وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا فَقَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَارْجُوا الْيَوْمَ الْآخِرَ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ

    Мадйане /вахийтира Оха/ церан ваша ШуӀайб. Цо элира: 'ХӀай сан къам‚ Далла Ӏибадат де‚ дог даха эхарчу дийне‚ ма даржаде лаьттахь пасад хӀума'

    29:36
  7. فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ

    Цара иза харцвира. Уьш схьалецира /латта/ластаро тӀаккха уьш Ӏуьйранга бевлира шайн цӀеношкахь горабахана

    29:37
  8. وَعَادًا وَثَمُودَ وَقَدْ تَبَيَّنَ لَكُمْ مِنْ مَسَاكِنِهِمْ ۖ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَصَدَّهُمْ عَنِ السَّبِيلِ وَكَانُوا مُسْتَبْصِرِينَ

    Ӏадаш а‚ Самудаш а /хӀаллакбира Оха/. Шуна гучуделира церан цӀенош. Хазйира царна шайтӀано шайн Ӏамалш‚ цо дӀатилира уьш /нисчу/ некъах‚ уьш хиллехь а дика гуш

    29:38
  9. وَقَارُونَ وَفِرْعَوْنَ وَهَامَانَ ۖ وَلَقَدْ جَاءَهُمْ مُوسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ فَاسْتَكْبَرُوا فِي الْأَرْضِ وَمَا كَانُوا سَابِقِينَ

    Къарун а‚ ФирӀавн а‚ ХӀаман а /хӀаллакбира Оха/. Веара цаьрга Муса билгалонашца‚ куралла йира цара лаьттахь‚ уьш ца хилира хьалхабовлурш /Тхан Ӏазапах/

    29:39
  10. فَكُلًّا أَخَذْنَا بِذَنْبِهِ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ أَرْسَلْنَا عَلَيْهِ حَاصِبًا وَمِنْهُمْ مَنْ أَخَذَتْهُ الصَّيْحَةُ وَمِنْهُمْ مَنْ خَسَفْنَا بِهِ الْأَرْضَ وَمِنْهُمْ مَنْ أَغْرَقْنَا ۚ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Массо а схьалецира Оха шен къица. Царах бу Оха шайна тӀе чӀогӀа мох бахийтинарш а‚ царах бу мохь тохаро схьалийцинарш а‚ царах бу Оха шаьш лаьтта бухабахийтинарш а‚ царах бу Оха шаьш хина бухабахийтинарш а. Ца хилира Дела царна зулам деш‚ делахь а, шаьш хилира уьш шайна зулам деш

    29:40
  11. مَثَلُ الَّذِينَ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ أَوْلِيَاءَ كَمَثَلِ الْعَنْكَبُوتِ اتَّخَذَتْ بَيْتًا ۖ وَإِنَّ أَوْهَنَ الْبُيُوتِ لَبَيْتُ الْعَنْكَبُوتِ ۖ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ

    Дела воцург /кхин/ гӀоьнчий лаьцначеран масал хӀусам лаьцначу гезган масалх тера ду баккъалла а, уггар ледара хӀусам гезган хӀусам ю-кх‚ уьш хууш хиллехь

    29:41
  12. إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ مِنْ شَيْءٍ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Баккъалла а, Далла хууш ду, Ша а витина цара шега кхойкху хӀума. Иза веза верг а ву‚ хьукаме верг а ву

    29:42
  13. وَتِلْكَ الْأَمْثَالُ نَضْرِبُهَا لِلنَّاسِ ۖ وَمَا يَعْقِلُهَا إِلَّا الْعَالِمُونَ

    ХӀара масалш Оха даладо нахана. Церан ойла-м ца йо Ӏеламнаха бен

    29:43
  14. خَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِلْمُؤْمِنِينَ

    Дала кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъонца. Баккъалла а, цу чохь делил ду муъмин нахана

    29:44

Гочдар: Магомед Магомедов