Сурат 29 Аль-Iанкабут (Гезг), аят 37 – 40

  1. فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ

    Цара иза харцвира. Уьш схьалецира /латта/ластаро тIаккха уьш Iуьйранга бевлира шайн цIеношкахь горабахана

    29:37
  2. وَعَادًا وَثَمُودَ وَقَدْ تَبَيَّنَ لَكُمْ مِنْ مَسَاكِنِهِمْ ۖ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَصَدَّهُمْ عَنِ السَّبِيلِ وَكَانُوا مُسْتَبْصِرِينَ

    Iадаш а‚ Самудаш а /хIаллакбира Оха/. Шуна гучуделира церан цIенош. Хазйира царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилира уьш /нисчу/ некъах‚ уьш хиллехь а дика гуш

    29:38
  3. وَقَارُونَ وَفِرْعَوْنَ وَهَامَانَ ۖ وَلَقَدْ جَاءَهُمْ مُوسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ فَاسْتَكْبَرُوا فِي الْأَرْضِ وَمَا كَانُوا سَابِقِينَ

    Къарун а‚ ФирIавн а‚ ХIаман а /хIаллакбира Оха/. Веара цаьрга Муса билгалонашца‚ куралла йира цара лаьттахь‚ уьш ца хилира хьалхабовлурш /Тхан Iазапах/

    29:39
  4. فَكُلًّا أَخَذْنَا بِذَنْبِهِ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ أَرْسَلْنَا عَلَيْهِ حَاصِبًا وَمِنْهُمْ مَنْ أَخَذَتْهُ الصَّيْحَةُ وَمِنْهُمْ مَنْ خَسَفْنَا بِهِ الْأَرْضَ وَمِنْهُمْ مَنْ أَغْرَقْنَا ۚ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Массо а схьалецира Оха шен къица. Царах бу Оха шайна тIе чIогIа мох бахийтинарш а‚ царах бу мохь тохаро схьалийцинарш а‚ царах бу Оха шаьш лаьтта бухабахийтинарш а‚ царах бу Оха шаьш хина бухабахийтинарш а. Ца хилира Дела царна зулам деш‚ делахь а, шаьш хилира уьш шайна зулам деш

    29:40

Гочдар: Магомед Магомедов