Сурат 29 Аль-Ӏанкабут (Гезг), аят 45 – 51
-
اتْلُ مَا أُوحِيَ إِلَيْكَ مِنَ الْكِتَابِ وَأَقِمِ الصَّلَاةَ ۖ إِنَّ الصَّلَاةَ تَنْهَىٰ عَنِ الْفَحْشَاءِ وَالْمُنْكَرِ ۗ وَلَذِكْرُ اللَّهِ أَكْبَرُ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تَصْنَعُونَ
Ахь деша хьайга вехьеца даийтинчу жайнах‚ ламаз хӀоттаде. Баккъалла а, ламазо духатуху боьханиг а‚ ирчаниг а. Дела хьехор мелхо а доккха ду. Дела хууш ву аш дийриг
29:45 -
وَلَا تُجَادِلُوا أَهْلَ الْكِتَابِ إِلَّا بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ إِلَّا الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْهُمْ ۖ وَقُولُوا آمَنَّا بِالَّذِي أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَأُنْزِلَ إِلَيْكُمْ وَإِلَٰهُنَا وَإِلَٰهُكُمْ وَاحِدٌ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Аш ма къийса жайнан охӀланца уггар дикачуьнца бен царах зулам динарш боцучаьрца. Аш āла: 'Оха ийман дилли тхоьга доссинчуьнга а‚ шуьга доссинчуьнга а‚ Тхан Дела а‚ шун Дела а цхьаъ ву‚ тхо Цунна муьтӀахь ду'
29:46 -
وَكَذَٰلِكَ أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ ۚ فَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۖ وَمِنْ هَٰؤُلَاءِ مَنْ يُؤْمِنُ بِهِ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِآيَاتِنَا إِلَّا الْكَافِرُونَ
Иштта Оха доссира хьоьга жайна. Оха шайга жайна делларш цунах тешаш бу. ХӀокхарах а (Ӏаьрбех) цунах тешаш верг ву. Тхан аятех ца тешаш бац керстанаш бен
29:47 -
وَمَا كُنْتَ تَتْلُو مِنْ قَبْلِهِ مِنْ كِتَابٍ وَلَا تَخُطُّهُ بِيَمِينِكَ ۖ إِذًا لَارْتَابَ الْمُبْطِلُونَ
Хьо вацара-май /хӀай Мухьаммад/ цул хьалха (Къуръан доссале) цхьа а жайна доьшуш а‚ яздеш а хьан /аьтту/ куьйга хиллехьара цу харцболчара шеко йийр ма яра
29:48 -
بَلْ هُوَ آيَاتٌ بَيِّنَاتٌ فِي صُدُورِ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِآيَاتِنَا إِلَّا الظَّالِمُونَ
ХӀаъ‚ уьш кхеташ долу аяташ ду шайна Ӏилма деллачеран дегнашкахь долу. Тхан аятех ца тешаш бац зуламхой бен
29:49 -
وَقَالُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ آيَاتٌ مِنْ رَبِّهِ ۖ قُلْ إِنَّمَا الْآيَاتُ عِنْدَ اللَّهِ وَإِنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُبِينٌ
Цара элира: 'Доьссинехьара цуьнга делилш шен Кхиош-кхобучуьнгара. Ахь āла: 'Делилш Делан ду‚ со билгала волу кхерамча ву'
29:50 -
أَوَلَمْ يَكْفِهِمْ أَنَّا أَنْزَلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَرَحْمَةً وَذِكْرَىٰ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Царна кхачо ца йо-те Оха хьоьга шайна тӀехь доьшуш долу жайна доссийна хиларо? Баккъалла а, цу чохь къинхетам а‚ хьехам а ма бу тешаш болчу нахана
29:51
Гочдар: Магомед Магомедов