Сурат 29 Аль-Ӏанкабут (Гезг), аят 52 – 63
-
قُلْ كَفَىٰ بِاللَّهِ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ شَهِيدًا ۖ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَالَّذِينَ آمَنُوا بِالْبَاطِلِ وَكَفَرُوا بِاللَّهِ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Ахь āла: 'Кхачо йо суний шуний юккъехь Дела теш хиларо. Цунна хаьа стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Харцдолчунна ийман диллинарш‚ Далла керстаналла динарш уьш бу эшнарш'
29:52 -
وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِالْعَذَابِ ۚ وَلَوْلَا أَجَلٌ مُسَمًّى لَجَاءَهُمُ الْعَذَابُ وَلَيَأْتِيَنَّهُمْ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Хьо сихво цара Ӏазап даийтарехь. Тоьхна хан ца хиллехьара, цаьрга догӀур дара и Ӏазап‚ цаьрга данне а догӀур ду иза цӀеххьана, царна хаа ца луш
29:53 -
يَسْتَعْجِلُونَكَ بِالْعَذَابِ وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمُحِيطَةٌ بِالْكَافِرِينَ
Хьо сихво цара Ӏазап даийтарехь амма жоьжахати го бийр болуш ма ю цатешачарна
29:54 -
يَوْمَ يَغْشَاهُمُ الْعَذَابُ مِنْ فَوْقِهِمْ وَمِنْ تَحْتِ أَرْجُلِهِمْ وَيَقُولُ ذُوقُوا مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Оцу дийнахь Ӏазапо хьулбийр бу уьш шайна тӀехула а‚ шайн когий бухахула а. Цо эр ду: 'Ӏовша шаьш деш хилларг!'
29:55 -
يَا عِبَادِيَ الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ أَرْضِي وَاسِعَةٌ فَإِيَّايَ فَاعْبُدُونِ
ХӀай Сан ийман диллина леш! Сан латта шортта ду‚ /деккъа/ Суна Ӏибадат дейша
29:56 -
كُلُّ نَفْسٍ ذَائِقَةُ الْمَوْتِ ۖ ثُمَّ إِلَيْنَا تُرْجَعُونَ
Хр сино валар Ӏовшур ду. ТӀаккха Тхуна тӀе шу юхадерзор ду
29:57 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُبَوِّئَنَّهُمْ مِنَ الْجَنَّةِ غُرَفًا تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ نِعْمَ أَجْرُ الْعَامِلِينَ
Ийман диллинарш‚ дика Ӏамалаш йинарш уьш чуховжор бу Оха ялсаманера цӀеношка‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ цу чохь уьш гуттар хир бу дика ял ю иза Ӏамал йиначеран‚
29:58 -
الَّذِينَ صَبَرُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Шаьш собар дина болчу‚ шайн Кхиош-кхобучунна тӀе тевжаш болчу
29:59 -
وَكَأَيِّنْ مِنْ دَابَّةٍ لَا تَحْمِلُ رِزْقَهَا اللَّهُ يَرْزُقُهَا وَإِيَّاكُمْ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Мел дийнат ду шен рицкъ ца хьош Дала рицкъ ло цунна а‚ шуна а. Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву
29:60 -
وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ лаьтта а‚ хьан болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ аьлла‚ цара аланне а эр ду хьуна: 'Дала'. Ткъа муха Ӏехийна /дӀахьовзийна/ уьш /бакъдолчух/!
29:61 -
اللَّهُ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ لَهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дала шортта ло рицкъ Шен лех Шена луучунна‚ Цо барам а бо цунна /кӀеззиг луш/. Баккъалла а, Дела массо а хӀума хууш верг ву
29:62 -
وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ نَزَّلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ مِنْ بَعْدِ مَوْتِهَا لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۚ قُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан доссош дара стиглара хи‚ цуьнца латта дендина и деллачул тӀаьхьа, аьлла‚ цара аланне а эр ду хьуна: 'Дала'. Ахь āла: 'Хастам бу Далла'. ХӀаъ‚ царах дукхахберш кхеташ бац
29:63
Гочдар: Магомед Магомедов