Сурат 29 Аль-Ӏанкабут (Гезг), аят 64 – 69
-
وَمَا هَٰذِهِ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا لَهْوٌ وَلَعِبٌ ۚ وَإِنَّ الدَّارَ الْآخِرَةَ لَهِيَ الْحَيَوَانُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ
ХӀара дуьненан дахар-м дац эрна хан яйар а‚ ловзар а бен. Баккъалла а, эхартан цӀа иза ду дахар, уьш хууш хиллехь!
29:64 -
فَإِذَا رَكِبُوا فِي الْفُلْكِ دَعَوُا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ فَلَمَّا نَجَّاهُمْ إِلَى الْبَرِّ إِذَا هُمْ يُشْرِكُونَ
Шаьш кемана тӀе хиъча, цара Деле кхойкху, шаьш Цунна дин цӀандеш. Цо уьш аренга кӀелхьарбаьхча, цара /Цуьнца/ накъост лоцу
29:65 -
لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ وَلِيَتَمَتَّعُوا ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
Керстадархьама Оха шайн делларг‚ зовкх хьегархьама а. ТӀаьхьа хуур ду царна
29:66 -
أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا جَعَلْنَا حَرَمًا آمِنًا وَيُتَخَطَّفُ النَّاسُ مِنْ حَوْلِهِمْ ۚ أَفَبِالْبَاطِلِ يُؤْمِنُونَ وَبِنِعْمَةِ اللَّهِ يَكْفُرُونَ
Царна ца го-те‚ Оха ма йина Хьарам кхерам боцуш (тешаме)‚ ткъа царна (Маккан бахархойн) гонахь /йолчу кхечу ярташкахь/ нах луьйцуш (зуламаш деш)? Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниӀмат керстадо?
29:67 -
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُ ۚ أَلَيْسَ فِي جَهَنَّمَ مَثْوًى لِلْكَافِرِينَ
Мила ву вуно зуламе Далла тӀехь харцдерг кхуллучул‚ я бакъдерг, шега и деъначул тӀаьхьа, харцдеш волчул? Ткъа жоьжахатина чохь /Ӏан/ меттиг яц керстанашна?
29:68 -
وَالَّذِينَ جَاهَدُوا فِينَا لَنَهْدِيَنَّهُمْ سُبُلَنَا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَمَعَ الْمُحْسِنِينَ
Тхайгахь къахьегнарш уьш нисбийр бу Оха Тхан некъана тӀе. Баккъалла а, Дела ву-кх дикачаьрца
29:69
Гочдар: Магомед Магомедов