Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 104 – 112
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَقُولُوا رَاعِنَا وَقُولُوا انْظُرْنَا وَاسْمَعُوا ۗ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌ
ХӀай ийман диллинарш! Аш ма āла /пайхамаре/: 'Тхан гйг бе'. Аш āла: 'Тхоьга хьажа'‚ ла а догӀа. Цатешачарна лазош долу Ӏазап /хир/ ду
2:104 -
مَا يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَلَا الْمُشْرِكِينَ أَنْ يُنَزَّلَ عَلَيْكُمْ مِنْ خَيْرٍ مِنْ رَبِّكُمْ ۗ وَاللَّهُ يَخْتَصُّ بِرَحْمَتِهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
Жайнан охах а‚ мушрикех а болчу цатешначарна ма ца деза шуна шаьш Кхиош-кхобучуьнгара /цхьа а/ диканиг досса. Дала къаставо /пайхамар хила а, кхин диканиг дала а/ Шен къинхетамца Шена луург. И Дела сийлахь – доккха дозалла долуш ву
2:105 -
مَا نَنْسَخْ مِنْ آيَةٍ أَوْ نُنْسِهَا نَأْتِ بِخَيْرٍ مِنْهَا أَوْ مِثْلِهَا ۗ أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Оха цхьа аят дӀадаьккхича я дицдалийтича‚ доуьйту цул диканиг я цунах тераниг. Хьуна ца хаьа‚ и Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш хилар?
2:106 -
أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ
Хьуна ца хаьа‚ стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Делехь хилар? Шуна ма вац-кха и Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гӀоьнча а
2:107 -
أَمْ تُرِيدُونَ أَنْ تَسْأَلُوا رَسُولَكُمْ كَمَا سُئِلَ مُوسَىٰ مِنْ قَبْلُ ۗ وَمَنْ يَتَبَدَّلِ الْكُفْرَ بِالْإِيمَانِ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاءَ السَّبِيلِ
Я шуна лаьа шайн элчане (Мухьаммаде) деха‚ хьалха Мусага /жуьгташа шайна Дела гайта, аьлла/ дехна ма-хиллара? Ийман цатешарца хуьйцуш верг ма ву-кх тилавелла нийсачу некъах
2:108 -
وَدَّ كَثِيرٌ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَوْ يَرُدُّونَكُمْ مِنْ بَعْدِ إِيمَانِكُمْ كُفَّارًا حَسَدًا مِنْ عِنْدِ أَنْفُسِهِمْ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ الْحَقُّ ۖ فَاعْفُوا وَاصْفَحُوا حَتَّىٰ يَأْتِيَ اللَّهُ بِأَمْرِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Бакъдерг шайна гучудаьллачул тӀаьхьа а лиира жайнан охӀланах дукхаболчарна, шайгара хьагӀ бахьанехь, ийман диллинчул тӀаьхьа шу ийманах юхадаха. Къинтра довла /царна/‚ бита маьрша уьш Дала Шен омра даийтталц. Баккъалла а, и Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ма ву
2:109 -
وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ ۚ وَمَا تُقَدِّمُوا لِأَنْفُسِكُمْ مِنْ خَيْرٍ تَجِدُوهُ عِنْدَ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Ламаз хӀоттаделаш‚ закат лōлаш‚ аш шайн догӀмашна хьалха мел даьккхина диканиг карор ма ду шуна Далла гергахь. Баккъалла а, и Дела аш дийриг гуш ма ву
2:110 -
وَقَالُوا لَنْ يَدْخُلَ الْجَنَّةَ إِلَّا مَنْ كَانَ هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ ۗ تِلْكَ أَمَانِيُّهُمْ ۗ قُلْ هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цара элира: 'Ваханне а ялсамане гӀур ма вац ша жуьгтех я насарех верг бен'. Иза церан дагахь дерг ду. Ахь āла: 'Даладе шайн делил‚ шаьш бакълуьйш хиллехь'
2:111 -
بَلَىٰ مَنْ أَسْلَمَ وَجْهَهُ لِلَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ فَلَهُ أَجْرُهُ عِنْدَ رَبِّهِ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
ХӀаъ! /ГӀур ву ялсамане/ шен юьхь Далла муьтӀахь йинарг‚ ша дика Ӏамал йинарг – цунна шен ял хир ма ю шен Кхиош-кхобучунна гергахь. Кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац
2:112
Гочдар: Магомед Магомедов