Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 108 – 109
-
أَمْ تُرِيدُونَ أَنْ تَسْأَلُوا رَسُولَكُمْ كَمَا سُئِلَ مُوسَىٰ مِنْ قَبْلُ ۗ وَمَنْ يَتَبَدَّلِ الْكُفْرَ بِالْإِيمَانِ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاءَ السَّبِيلِ
Я шуна лаьа шайн элчане (Мухьаммаде) деха‚ хьалха Мусага /жуьгташа шайна Дела гайта, аьлла/ дехна ма-хиллара? Ийман цатешарца хуьйцуш верг ма ву-кх тилавелла нийсачу некъах
2:108 -
وَدَّ كَثِيرٌ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَوْ يَرُدُّونَكُمْ مِنْ بَعْدِ إِيمَانِكُمْ كُفَّارًا حَسَدًا مِنْ عِنْدِ أَنْفُسِهِمْ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ الْحَقُّ ۖ فَاعْفُوا وَاصْفَحُوا حَتَّىٰ يَأْتِيَ اللَّهُ بِأَمْرِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Бакъдерг шайна гучудаьллачул тӀаьхьа а лиира жайнан охӀланах дукхаболчарна, шайгара хьагӀ бахьанехь, ийман диллинчул тӀаьхьа шу ийманах юхадаха. Къинтра довла /царна/‚ бита маьрша уьш Дала Шен омра даийтталц. Баккъалла а, и Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ма ву
2:109
Гочдар: Магомед Магомедов