Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 115 – 141

  1. وَلِلَّهِ الْمَشْرِقُ وَالْمَغْرِبُ ۚ فَأَيْنَمَا تُوَلُّوا فَثَمَّ وَجْهُ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    Делан ю малхбале а‚ малхбузе а. Шу миччахьа дирзича а – цигахь ю Делан юьхь. И Дела ма ву дерриге а чулоцуш верг а‚ дика хууш верг а

    2:115
  2. وَقَالُوا اتَّخَذَ اللَّهُ وَلَدًا ۗ سُبْحَانَهُ ۖ بَلْ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ كُلٌّ لَهُ قَانِتُونَ

    Цара элира: 'Дала доьзалхо лаьцна'. Вонах цӀена ву Иза. Ткъа Цуьнан ма ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Массо а Цунна муьтӀахь ма ву

    2:116
  3. بَدِيعُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَإِذَا قَضَىٰ أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Ша стигланаш а, латта а юьхьанца кхоьллинарг ву И. Цхьана гӀуллакха тӀехь Ша цхьа сацам бича‚ Цо олу цуьнга /Шена хила луучу хмане/: 'Хила!' – и хуьлу

    2:117
  4. وَقَالَ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ لَوْلَا يُكَلِّمُنَا اللَّهُ أَوْ تَأْتِينَا آيَةٌ ۗ كَذَٰلِكَ قَالَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ مِثْلَ قَوْلِهِمْ ۘ تَشَابَهَتْ قُلُوبُهُمْ ۗ قَدْ بَيَّنَّا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ

    Шайгахь лма доцчара элира: 'Тхоьга вистхилла велахьара Дела‚ я тхоьга цхьа делил деана хиллехьара'. Иштта олура царал хьалха баханчара а‚ цара бохучуьнга терра‚ цхьатерра хилира церан дегнаш. Билгалдаьхна Оха аяташ чг тешаш болчу нахана

    2:118
  5. إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ بِالْحَقِّ بَشِيرًا وَنَذِيرًا ۖ وَلَا تُسْأَلُ عَنْ أَصْحَابِ الْجَحِيمِ

    Баккъалла а, Оха хьо ваийтина бакъдолчуьнца /кхаъ баккха/ хаамча хилла а‚ /Ӏазапан/ кхерамча хилла а‚ хьоьга хоттур ма дац жоьжахатин охӀланна тӀера

    2:119
  6. وَلَنْ تَرْضَىٰ عَنْكَ الْيَهُودُ وَلَا النَّصَارَىٰ حَتَّىٰ تَتَّبِعَ مِلَّتَهُمْ ۗ قُلْ إِنَّ هُدَى اللَّهِ هُوَ الْهُدَىٰ ۗ وَلَئِنِ اتَّبَعْتَ أَهْوَاءَهُمْ بَعْدَ الَّذِي جَاءَكَ مِنَ الْعِلْمِ ۙ مَا لَكَ مِنَ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ

    Хиланне а реза хир ма бац хьуна жуьгтий а‚ насараш а‚ хьо церан динна тьхьахьттича бен. Ахь āла: 'Делан нийса некъ – и ма бу нийса некъ'‚ хьо нагахь церан лаамашна тӀаьхьахӀоттахь‚ хьайга Ӏилма (бакъдолу дин – ислам) деъначул тӀаьхьа‚ Делера хьуна хир ма вац цхьа а вали а‚ цхьа а гӀоьнча а

    2:120
  7. الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَتْلُونَهُ حَقَّ تِلَاوَتِهِ أُولَٰئِكَ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۗ وَمَنْ يَكْفُرْ بِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    Оха шайга жайна деллачарех и /Къуръан/ деша ма-деззара доьшуш берш бу‚– уьш ма бу цунах/хьакъ-бакъ/ тешаш. Цунах ца тешаш берш – уьш ма бу эшамехь

    2:121
  8. يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُوا نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَنِّي فَضَّلْتُكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ

    ХӀай Исраилан кӀентий! Аш дагадаийта Сан ниӀмат‚ Ас шуна делла хилла долу‚ Ас даз ма дира шу Ӏаламал

    2:122
  9. وَاتَّقُوا يَوْمًا لَا تَجْزِي نَفْسٌ عَنْ نَفْسٍ شَيْئًا وَلَا يُقْبَلُ مِنْهَا عَدْلٌ وَلَا تَنْفَعُهَا شَفَاعَةٌ وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ

    Кхералаш дийнах, цхьана сино кхечунна пайда бийр боцчу‚ шегара /Делан запах ллхьара вала белча а/ мах къобалбийр боцчу‚ гӀодаккхаро (шапаӀато) шена пайда бийр боцчу а. Царна (цатешачарна) г дийр дац

    2:123
  10. وَإِذِ ابْتَلَىٰ إِبْرَاهِيمَ رَبُّهُ بِكَلِمَاتٍ فَأَتَمَّهُنَّ ۖ قَالَ إِنِّي جَاعِلُكَ لِلنَّاسِ إِمَامًا ۖ قَالَ وَمِنْ ذُرِّيَّتِي ۖ قَالَ لَا يَنَالُ عَهْدِي الظَّالِمِينَ

    /Ахь хьахаде цаьрга‚ хӀай Мухьаммад/: ИбрахӀим ма зийра шен Кхиош-кхобучо дешнашца‚ цо уьш кхочуш ма дира. Цо (Дала) элира: 'Ас хьох нахана имам веш ву'. Цо (ИбрахӀима) элира: 'Ткъа сан тӀаьхьенах?'. Элира /Дала/: 'Сан ваӀда ца хьакхало зуламхойх'

    2:124
  11. وَإِذْ جَعَلْنَا الْبَيْتَ مَثَابَةً لِلنَّاسِ وَأَمْنًا وَاتَّخِذُوا مِنْ مَقَامِ إِبْرَاهِيمَ مُصَلًّى ۖ وَعَهِدْنَا إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ أَنْ طَهِّرَا بَيْتِيَ لِلطَّائِفِينَ وَالْعَاكِفِينَ وَالرُّكَّعِ السُّجُودِ

    Хьахаде! Оха и цӀа дира нахана тбоьрзу а‚ маьрша а меттиг хилийта: 'Е ИбрахӀиман меттиг ламаз ден меттиг'. Оха омра дира ИбрахӀиме а‚ ИсмаӀиле а: 'Аш шиммо цӀанде Сан цӀа (КаӀба) го боккхучарна а /тӀавап деш/, чохь хевшина Ӏибадат (иикаф) дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а'

    2:125
  12. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ اجْعَلْ هَٰذَا بَلَدًا آمِنًا وَارْزُقْ أَهْلَهُ مِنَ الثَّمَرَاتِ مَنْ آمَنَ مِنْهُمْ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۖ قَالَ وَمَنْ كَفَرَ فَأُمَتِّعُهُ قَلِيلًا ثُمَّ أَضْطَرُّهُ إِلَىٰ عَذَابِ النَّارِ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    ИбрхӀима аьллера: 'ХӀай сан Кхиош-кхобу/Дела/‚ Ахь хилийтахь хӀара /меттиг/ маьрша мохк‚ Ахь рицкъ лолахь цуьнан охӀланна стоьмашца‚ царах Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а тешначарна'. Цо элира: 'Ткъа /Делан цн дин/ керстадиначаьрга Аса пайдаоьцуьйтур бу ниатех цхьа кззиг‚ тӀаккха дӀахьавсор ма бу уьш цӀеран Ӏазапе'. Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг!

    2:126
  13. وَإِذْ يَرْفَعُ إِبْرَاهِيمُ الْقَوَاعِدَ مِنَ الْبَيْتِ وَإِسْمَاعِيلُ رَبَّنَا تَقَبَّلْ مِنَّا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    ИбрахӀима а‚ ИсмаӀила а хьалаойбу цу цӀийнан бух / Деле доьхуш/: 'ХӀай‚ тхан Кхиош-кхобург! Къобалде Ахь /хӀара гллакх/ тхоьгара. Баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а

    2:127
  14. رَبَّنَا وَاجْعَلْنَا مُسْلِمَيْنِ لَكَ وَمِنْ ذُرِّيَّتِنَا أُمَّةً مُسْلِمَةً لَكَ وَأَرِنَا مَنَاسِكَنَا وَتُبْ عَلَيْنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    ХӀай тхан Кхиош-кхобург! Тхойшиъ хилийта Ахь Хьайна муьтӀахь‚ тхан тӀаьхьенах а Хьайна муьтӀахь уммат де Ахь‚ гайтахьа тхуна тхан Ӏибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна. Баккъалла а, Хьо ма ву тх гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    2:128
  15. رَبَّنَا وَابْعَثْ فِيهِمْ رَسُولًا مِنْهُمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِكَ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَيُزَكِّيهِمْ ۚ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    ХӀай тхан Кхиош-кхобург! Ахь ваийталахь царна элча‚ царах а волуш‚ ша царна доьшуш Хьан аяташ‚ царна Ӏамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цӀанбеш. Баккъалла а, Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верг а'

    2:129
  16. وَمَنْ يَرْغَبُ عَنْ مِلَّةِ إِبْرَاهِيمَ إِلَّا مَنْ سَفِهَ نَفْسَهُ ۚ وَلَقَدِ اصْطَفَيْنَاهُ فِي الدُّنْيَا ۖ وَإِنَّهُ فِي الْآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ

    Ткъа мила ву ИбрахӀиман миллатах /букъ тоьхна/ двоьрзуш верг? – Ма вац иза шен Ӏовдаллалица ша вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахӀим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву дикачарех

    2:130
  17. إِذْ قَالَ لَهُ رَبُّهُ أَسْلِمْ ۖ قَالَ أَسْلَمْتُ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ

    Хьахаде! Аьллера цуьнга и Кхиош-кхобучо: 'МуьтӀахь хила!' Цо элира: 'МуьтӀахь ву со Ӏаламийн Дена (Далла)'

    2:131
  18. وَوَصَّىٰ بِهَا إِبْرَاهِيمُ بَنِيهِ وَيَعْقُوبُ يَا بَنِيَّ إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَىٰ لَكُمُ الدِّينَ فَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنْتُمْ مُسْلِمُونَ

    Цуьнца (исламаца) весет дира ИбрахӀима шен кӀенташка‚ Яъуба а дира: 'ХӀай сан кӀентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дала ма лойла /цу Далла/ муьтӀахь долуш а бен'

    2:132
  19. أَمْ كُنْتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ حَضَرَ يَعْقُوبَ الْمَوْتُ إِذْ قَالَ لِبَنِيهِ مَا تَعْبُدُونَ مِنْ بَعْدِي قَالُوا نَعْبُدُ إِلَٰهَكَ وَإِلَٰهَ آبَائِكَ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ إِلَٰهًا وَاحِدًا وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ

    Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯӀкъубана тӀе Ӏожалла еъча‚ цо шен кӀенташка олуш: 'Хьанна Ӏибадат дийр ду аш сол тӀаьхьа?' Цара ма элира: 'Оха Ӏибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахӀиман‚ ИсмаӀилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтӀахь ма ду тхо'

    2:133
  20. تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُمْ مَا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    И ддахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух

    2:134
  21. وَقَالُوا كُونُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ تَهْتَدُوا ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Цара (жайнан охах болчара) элира: 'Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тӀаккха хир ду шу нийсачу новкъахь'. Ахь āла: 'ХӀан-хӀа! Ша цӀена Делах тешаш хиллачу ИбрахӀиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех'

    2:135
  22. قُولُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَمَا أُوتِيَ النَّبِيُّونَ مِنْ رَبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ

    Аш āла: 'Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахӀиме‚ ИсмаӀиле‚ Исхьакъе‚ ЯӀкъубе‚ цуьнан тӀаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Ӏийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтӀахь ма ду'

    2:136
  23. فَإِنْ آمَنُوا بِمِثْلِ مَا آمَنْتُمْ بِهِ فَقَدِ اهْتَدَوْا ۖ وَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا هُمْ فِي شِقَاقٍ ۖ فَسَيَكْفِيكَهُمُ اللَّهُ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара – тӀаккха уьш хир бу нийсачу новкъахь. Нагахь санна уьш дӀаберзахь /цу тешамах/ – баккъалла а, уьш (жуьгтий а, насараш а) ма бу /хьоьгахь долчунна/ дуьхьала. Дала / церан зенах а, бохамах а лашварца/ кхачо йийр ю хьуна. И ма ву ша хезаш верг а‚ хууш верг а

    2:137
  24. صِبْغَةَ اللَّهِ ۖ وَمَنْ أَحْسَنُ مِنَ اللَّهِ صِبْغَةً ۖ وَنَحْنُ لَهُ عَابِدُونَ

    /Ала жуьгташка а, насарашка а: тхо къастийна/Делан динан хазаллин басарца. Мила ву ткъа Делачул дин хаза долуш? /Аш āла/: “Цунна Ӏибадат до оха.”

    2:138
  25. قُلْ أَتُحَاجُّونَنَا فِي اللَّهِ وَهُوَ رَبُّنَا وَرَبُّكُمْ وَلَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُخْلِصُونَ

    Ахь āла: 'Тхоьца къуьйсу аш Делан хьокъехь? И ма ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Ӏамалш ю‚ шуна шун Ӏамалш ю‚ тхо цунна (Далла) тешаме ду'

    2:139
  26. أَمْ تَقُولُونَ إِنَّ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطَ كَانُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ ۗ قُلْ أَأَنْتُمْ أَعْلَمُ أَمِ اللَّهُ ۗ وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ كَتَمَ شَهَادَةً عِنْدَهُ مِنَ اللَّهِ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Я аш боху: ИбрахӀим‚ ИсмаӀил‚ Исхьакъ‚ ЯӀкъуб‚ цуьнан (Яъубан) тӀаьхье а хилла жуьгтий я насараш? Ахь āла: 'Шуна дика хаьа я Далла дика хаьа? Мила ву зуламе шена гергахь Делера хилла долу тешалла хьулдеш волчул? Ма вац и Дела терго ца еш аш дийриг'

    2:140
  27. تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُمْ مَا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    И ддахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух

    2:141

Гочдар: Магомед Магомедов