Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 124 – 127

  1. وَإِذِ ابْتَلَىٰ إِبْرَاهِيمَ رَبُّهُ بِكَلِمَاتٍ فَأَتَمَّهُنَّ ۖ قَالَ إِنِّي جَاعِلُكَ لِلنَّاسِ إِمَامًا ۖ قَالَ وَمِنْ ذُرِّيَّتِي ۖ قَالَ لَا يَنَالُ عَهْدِي الظَّالِمِينَ

    /Ахь хьахаде цаьрга‚ хӀай Мухьаммад/: ИбрахӀим ма зийра шен Кхиош-кхобучо дешнашца‚ цо уьш кхочуш ма дира. Цо (Дала) элира: 'Ас хьох нахана имам веш ву'. Цо (ИбрахӀима) элира: 'Ткъа сан тӀаьхьенах?'. Элира /Дала/: 'Сан ваӀда ца хьакхало зуламхойх'

    2:124
  2. وَإِذْ جَعَلْنَا الْبَيْتَ مَثَابَةً لِلنَّاسِ وَأَمْنًا وَاتَّخِذُوا مِنْ مَقَامِ إِبْرَاهِيمَ مُصَلًّى ۖ وَعَهِدْنَا إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ أَنْ طَهِّرَا بَيْتِيَ لِلطَّائِفِينَ وَالْعَاكِفِينَ وَالرُّكَّعِ السُّجُودِ

    Хьахаде! Оха и цӀа дира нахана тбоьрзу а‚ маьрша а меттиг хилийта: 'Е ИбрахӀиман меттиг ламаз ден меттиг'. Оха омра дира ИбрахӀиме а‚ ИсмаӀиле а: 'Аш шиммо цӀанде Сан цӀа (КаӀба) го боккхучарна а /тӀавап деш/, чохь хевшина Ӏибадат (иикаф) дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а'

    2:125
  3. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ اجْعَلْ هَٰذَا بَلَدًا آمِنًا وَارْزُقْ أَهْلَهُ مِنَ الثَّمَرَاتِ مَنْ آمَنَ مِنْهُمْ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۖ قَالَ وَمَنْ كَفَرَ فَأُمَتِّعُهُ قَلِيلًا ثُمَّ أَضْطَرُّهُ إِلَىٰ عَذَابِ النَّارِ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    ИбрхӀима аьллера: 'ХӀай сан Кхиош-кхобу/Дела/‚ Ахь хилийтахь хӀара /меттиг/ маьрша мохк‚ Ахь рицкъ лолахь цуьнан охӀланна стоьмашца‚ царах Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а тешначарна'. Цо элира: 'Ткъа /Делан цн дин/ керстадиначаьрга Аса пайдаоьцуьйтур бу ниатех цхьа кззиг‚ тӀаккха дӀахьавсор ма бу уьш цӀеран Ӏазапе'. Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг!

    2:126
  4. وَإِذْ يَرْفَعُ إِبْرَاهِيمُ الْقَوَاعِدَ مِنَ الْبَيْتِ وَإِسْمَاعِيلُ رَبَّنَا تَقَبَّلْ مِنَّا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    ИбрахӀима а‚ ИсмаӀила а хьалаойбу цу цӀийнан бух / Деле доьхуш/: 'ХӀай‚ тхан Кхиош-кхобург! Къобалде Ахь /хӀара гллакх/ тхоьгара. Баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а

    2:127

Гочдар: Магомед Магомедов