Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 125 – 136
-
وَإِذْ جَعَلْنَا الْبَيْتَ مَثَابَةً لِلنَّاسِ وَأَمْنًا وَاتَّخِذُوا مِنْ مَقَامِ إِبْرَاهِيمَ مُصَلًّى ۖ وَعَهِدْنَا إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ أَنْ طَهِّرَا بَيْتِيَ لِلطَّائِفِينَ وَالْعَاكِفِينَ وَالرُّكَّعِ السُّجُودِ
Хьахаде! Оха и цӀа дира нахана тбоьрзу а‚ маьрша а меттиг хилийта: 'Е ИбрахӀиман меттиг ламаз ден меттиг'. Оха омра дира ИбрахӀиме а‚ ИсмаӀиле а: 'Аш шиммо цӀанде Сан цӀа (КаӀба) го боккхучарна а /тӀавап деш/, чохь хевшина Ӏибадат (иикаф) дечарна а‚ горабахана ламаз дечарна а'
2:125 -
وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ اجْعَلْ هَٰذَا بَلَدًا آمِنًا وَارْزُقْ أَهْلَهُ مِنَ الثَّمَرَاتِ مَنْ آمَنَ مِنْهُمْ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۖ قَالَ وَمَنْ كَفَرَ فَأُمَتِّعُهُ قَلِيلًا ثُمَّ أَضْطَرُّهُ إِلَىٰ عَذَابِ النَّارِ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
ИбрхӀима аьллера: 'ХӀай сан Кхиош-кхобу/Дела/‚ Ахь хилийтахь хӀара /меттиг/ маьрша мохк‚ Ахь рицкъ лолахь цуьнан охӀланна стоьмашца‚ царах Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а тешначарна'. Цо элира: 'Ткъа /Делан цн дин/ керстадиначаьрга Аса пайдаоьцуьйтур бу ниатех цхьа кззиг‚ тӀаккха дӀахьавсор ма бу уьш цӀеран Ӏазапе'. Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг!
2:126 -
وَإِذْ يَرْفَعُ إِبْرَاهِيمُ الْقَوَاعِدَ مِنَ الْبَيْتِ وَإِسْمَاعِيلُ رَبَّنَا تَقَبَّلْ مِنَّا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
ИбрахӀима а‚ ИсмаӀила а хьалаойбу цу цӀийнан бух / Деле доьхуш/: 'ХӀай‚ тхан Кхиош-кхобург! Къобалде Ахь /хӀара гллакх/ тхоьгара. Баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а
2:127 -
رَبَّنَا وَاجْعَلْنَا مُسْلِمَيْنِ لَكَ وَمِنْ ذُرِّيَّتِنَا أُمَّةً مُسْلِمَةً لَكَ وَأَرِنَا مَنَاسِكَنَا وَتُبْ عَلَيْنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
ХӀай тхан Кхиош-кхобург! Тхойшиъ хилийта Ахь Хьайна муьтӀахь‚ тхан тӀаьхьенах а Хьайна муьтӀахь уммат де Ахь‚ гайтахьа тхуна тхан Ӏибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна. Баккъалла а, Хьо ма ву тх гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
2:128 -
رَبَّنَا وَابْعَثْ فِيهِمْ رَسُولًا مِنْهُمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِكَ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَيُزَكِّيهِمْ ۚ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
ХӀай тхан Кхиош-кхобург! Ахь ваийталахь царна элча‚ царах а волуш‚ ша царна доьшуш Хьан аяташ‚ царна Ӏамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цӀанбеш. Баккъалла а, Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верг а'
2:129 -
وَمَنْ يَرْغَبُ عَنْ مِلَّةِ إِبْرَاهِيمَ إِلَّا مَنْ سَفِهَ نَفْسَهُ ۚ وَلَقَدِ اصْطَفَيْنَاهُ فِي الدُّنْيَا ۖ وَإِنَّهُ فِي الْآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ
Ткъа мила ву ИбрахӀиман миллатах /букъ тоьхна/ двоьрзуш верг? – Ма вац иза шен Ӏовдаллалица ша вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахӀим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву дикачарех
2:130 -
إِذْ قَالَ لَهُ رَبُّهُ أَسْلِمْ ۖ قَالَ أَسْلَمْتُ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Хьахаде! Аьллера цуьнга и Кхиош-кхобучо: 'МуьтӀахь хила!' Цо элира: 'МуьтӀахь ву со Ӏаламийн Дена (Далла)'
2:131 -
وَوَصَّىٰ بِهَا إِبْرَاهِيمُ بَنِيهِ وَيَعْقُوبُ يَا بَنِيَّ إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَىٰ لَكُمُ الدِّينَ فَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنْتُمْ مُسْلِمُونَ
Цуьнца (исламаца) весет дира ИбрахӀима шен кӀенташка‚ Яъуба а дира: 'ХӀай сан кӀентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дала ма лойла /цу Далла/ муьтӀахь долуш а бен'
2:132 -
أَمْ كُنْتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ حَضَرَ يَعْقُوبَ الْمَوْتُ إِذْ قَالَ لِبَنِيهِ مَا تَعْبُدُونَ مِنْ بَعْدِي قَالُوا نَعْبُدُ إِلَٰهَكَ وَإِلَٰهَ آبَائِكَ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ إِلَٰهًا وَاحِدًا وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯӀкъубана тӀе Ӏожалла еъча‚ цо шен кӀенташка олуш: 'Хьанна Ӏибадат дийр ду аш сол тӀаьхьа?' Цара ма элира: 'Оха Ӏибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахӀиман‚ ИсмаӀилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтӀахь ма ду тхо'
2:133 -
تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُمْ مَا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ
И ддахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух
2:134 -
وَقَالُوا كُونُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ تَهْتَدُوا ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Цара (жайнан охах болчара) элира: 'Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тӀаккха хир ду шу нийсачу новкъахь'. Ахь āла: 'ХӀан-хӀа! Ша цӀена Делах тешаш хиллачу ИбрахӀиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех'
2:135 -
قُولُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَمَا أُوتِيَ النَّبِيُّونَ مِنْ رَبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Аш āла: 'Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахӀиме‚ ИсмаӀиле‚ Исхьакъе‚ ЯӀкъубе‚ цуьнан тӀаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Ӏийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтӀахь ма ду'
2:136
Гочдар: Магомед Магомедов