Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 127 – 129

  1. وَإِذْ يَرْفَعُ إِبْرَاهِيمُ الْقَوَاعِدَ مِنَ الْبَيْتِ وَإِسْمَاعِيلُ رَبَّنَا تَقَبَّلْ مِنَّا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    ИбрахӀима а‚ ИсмаӀила а хьалаойбу цу цӀийнан бух / Деле доьхуш/: 'ХӀай‚ тхан Кхиош-кхобург! Къобалде Ахь /хӀара гллакх/ тхоьгара. Баккъалла а, Хьо ма ву хезаш верг а‚ хууш верг а

    2:127
  2. رَبَّنَا وَاجْعَلْنَا مُسْلِمَيْنِ لَكَ وَمِنْ ذُرِّيَّتِنَا أُمَّةً مُسْلِمَةً لَكَ وَأَرِنَا مَنَاسِكَنَا وَتُبْ عَلَيْنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    ХӀай тхан Кхиош-кхобург! Тхойшиъ хилийта Ахь Хьайна муьтӀахь‚ тхан тӀаьхьенах а Хьайна муьтӀахь уммат де Ахь‚ гайтахьа тхуна тхан Ӏибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна. Баккъалла а, Хьо ма ву тх гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    2:128
  3. رَبَّنَا وَابْعَثْ فِيهِمْ رَسُولًا مِنْهُمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِكَ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَيُزَكِّيهِمْ ۚ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    ХӀай тхан Кхиош-кхобург! Ахь ваийталахь царна элча‚ царах а волуш‚ ша царна доьшуш Хьан аяташ‚ царна Ӏамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цӀанбеш. Баккъалла а, Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верг а'

    2:129

Гочдар: Магомед Магомедов