Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 128 – 130
-
رَبَّنَا وَاجْعَلْنَا مُسْلِمَيْنِ لَكَ وَمِنْ ذُرِّيَّتِنَا أُمَّةً مُسْلِمَةً لَكَ وَأَرِنَا مَنَاسِكَنَا وَتُبْ عَلَيْنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
ХIай тхан Кхиош-кхобург! Тхойшиъ хилийта Ахь Хьайна муьтIахь‚ тхан тIаьхьенах а Хьайна муьтIахь уммат де Ахь‚ гайтахьа тхуна тхан Iибадат ден меттигаш‚ Ахь гечделахь тхуна. Баккъалла а, Хьо ма ву тх гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
2:128 -
رَبَّنَا وَابْعَثْ فِيهِمْ رَسُولًا مِنْهُمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِكَ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَيُزَكِّيهِمْ ۚ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
ХIай тхан Кхиош-кхобург! Ахь ваийталахь царна элча‚ царах а волуш‚ ша царна доьшуш Хьан аяташ‚ царна Iамош жайна а‚ хьекъалалла а‚ уьш цIанбеш. Баккъалла а, Хьо ма ву веза верг а‚ хьукаме верг а'
2:129 -
وَمَنْ يَرْغَبُ عَنْ مِلَّةِ إِبْرَاهِيمَ إِلَّا مَنْ سَفِهَ نَفْسَهُ ۚ وَلَقَدِ اصْطَفَيْنَاهُ فِي الدُّنْيَا ۖ وَإِنَّهُ فِي الْآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ
Ткъа мила ву ИбрахIиман миллатах /букъ тоьхна/ двоьрзуш верг? – Ма вац иза шен Iовдаллалица ша вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахIим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву дикачарех
2:130
Гочдар: Магомед Магомедов