Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 130 – 141
-
وَمَنْ يَرْغَبُ عَنْ مِلَّةِ إِبْرَاهِيمَ إِلَّا مَنْ سَفِهَ نَفْسَهُ ۚ وَلَقَدِ اصْطَفَيْنَاهُ فِي الدُّنْيَا ۖ وَإِنَّهُ فِي الْآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ
Ткъа мила ву ИбрахӀиман миллатах /букъ тоьхна/ двоьрзуш верг? – Ма вац иза шен Ӏовдаллалица ша вайвеш верг бен. Оха хаьржина и /ИбрахӀим/ дуьненахь‚ ткъа эхартахь и хир ма ву дикачарех
2:130 -
إِذْ قَالَ لَهُ رَبُّهُ أَسْلِمْ ۖ قَالَ أَسْلَمْتُ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Хьахаде! Аьллера цуьнга и Кхиош-кхобучо: 'МуьтӀахь хила!' Цо элира: 'МуьтӀахь ву со Ӏаламийн Дена (Далла)'
2:131 -
وَوَصَّىٰ بِهَا إِبْرَاهِيمُ بَنِيهِ وَيَعْقُوبُ يَا بَنِيَّ إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَىٰ لَكُمُ الدِّينَ فَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنْتُمْ مُسْلِمُونَ
Цуьнца (исламаца) весет дира ИбрахӀима шен кӀенташка‚ Яъуба а дира: 'ХӀай сан кӀентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дала ма лойла /цу Далла/ муьтӀахь долуш а бен'
2:132 -
أَمْ كُنْتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ حَضَرَ يَعْقُوبَ الْمَوْتُ إِذْ قَالَ لِبَنِيهِ مَا تَعْبُدُونَ مِنْ بَعْدِي قَالُوا نَعْبُدُ إِلَٰهَكَ وَإِلَٰهَ آبَائِكَ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ إِلَٰهًا وَاحِدًا وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯӀкъубана тӀе Ӏожалла еъча‚ цо шен кӀенташка олуш: 'Хьанна Ӏибадат дийр ду аш сол тӀаьхьа?' Цара ма элира: 'Оха Ӏибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахӀиман‚ ИсмаӀилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтӀахь ма ду тхо'
2:133 -
تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُمْ مَا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ
И ддахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух
2:134 -
وَقَالُوا كُونُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ تَهْتَدُوا ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Цара (жайнан охах болчара) элира: 'Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тӀаккха хир ду шу нийсачу новкъахь'. Ахь āла: 'ХӀан-хӀа! Ша цӀена Делах тешаш хиллачу ИбрахӀиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех'
2:135 -
قُولُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَمَا أُوتِيَ النَّبِيُّونَ مِنْ رَبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Аш āла: 'Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахӀиме‚ ИсмаӀиле‚ Исхьакъе‚ ЯӀкъубе‚ цуьнан тӀаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Ӏийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтӀахь ма ду'
2:136 -
فَإِنْ آمَنُوا بِمِثْلِ مَا آمَنْتُمْ بِهِ فَقَدِ اهْتَدَوْا ۖ وَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا هُمْ فِي شِقَاقٍ ۖ فَسَيَكْفِيكَهُمُ اللَّهُ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Нагахь санна уьш тешна белахь‚ шу ма тешшара – тӀаккха уьш хир бу нийсачу новкъахь. Нагахь санна уьш дӀаберзахь /цу тешамах/ – баккъалла а, уьш (жуьгтий а, насараш а) ма бу /хьоьгахь долчунна/ дуьхьала. Дала / церан зенах а, бохамах а лашварца/ кхачо йийр ю хьуна. И ма ву ша хезаш верг а‚ хууш верг а
2:137 -
صِبْغَةَ اللَّهِ ۖ وَمَنْ أَحْسَنُ مِنَ اللَّهِ صِبْغَةً ۖ وَنَحْنُ لَهُ عَابِدُونَ
/Ала жуьгташка а, насарашка а: тхо къастийна/Делан динан хазаллин басарца. Мила ву ткъа Делачул дин хаза долуш? /Аш āла/: “Цунна Ӏибадат до оха.”
2:138 -
قُلْ أَتُحَاجُّونَنَا فِي اللَّهِ وَهُوَ رَبُّنَا وَرَبُّكُمْ وَلَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُخْلِصُونَ
Ахь āла: 'Тхоьца къуьйсу аш Делан хьокъехь? И ма ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Ӏамалш ю‚ шуна шун Ӏамалш ю‚ тхо цунна (Далла) тешаме ду'
2:139 -
أَمْ تَقُولُونَ إِنَّ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطَ كَانُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ ۗ قُلْ أَأَنْتُمْ أَعْلَمُ أَمِ اللَّهُ ۗ وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ كَتَمَ شَهَادَةً عِنْدَهُ مِنَ اللَّهِ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
Я аш боху: ИбрахӀим‚ ИсмаӀил‚ Исхьакъ‚ ЯӀкъуб‚ цуьнан (Яъубан) тӀаьхье а хилла жуьгтий я насараш? Ахь āла: 'Шуна дика хаьа я Далла дика хаьа? Мила ву зуламе шена гергахь Делера хилла долу тешалла хьулдеш волчул? Ма вац и Дела терго ца еш аш дийриг'
2:140 -
تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُمْ مَا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ
И ддахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух
2:141
Гочдар: Магомед Магомедов