Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 131 – 135
-
إِذْ قَالَ لَهُ رَبُّهُ أَسْلِمْ ۖ قَالَ أَسْلَمْتُ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Хьахаде! Аьллера цуьнга и Кхиош-кхобучо: 'МуьтIахь хила!' Цо элира: 'МуьтIахь ву со Iаламийн Дена (Далла)'
2:131 -
وَوَصَّىٰ بِهَا إِبْرَاهِيمُ بَنِيهِ وَيَعْقُوبُ يَا بَنِيَّ إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَىٰ لَكُمُ الدِّينَ فَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنْتُمْ مُسْلِمُونَ
Цуьнца (исламаца) весет дира ИбрахIима шен кIенташка‚ Яъуба а дира: 'ХIай сан кIентий! Дала хаьржина шуна дин‚ шу дала ма лойла /цу Далла/ муьтIахь долуш а бен'
2:132 -
أَمْ كُنْتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ حَضَرَ يَعْقُوبَ الْمَوْتُ إِذْ قَالَ لِبَنِيهِ مَا تَعْبُدُونَ مِنْ بَعْدِي قَالُوا نَعْبُدُ إِلَٰهَكَ وَإِلَٰهَ آبَائِكَ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ إِلَٰهًا وَاحِدًا وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯIкъубана тIе Iожалла еъча‚ цо шен кIенташка олуш: 'Хьанна Iибадат дийр ду аш сол тIаьхьа?' Цара ма элира: 'Оха Iибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахIиман‚ ИсмаIилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтIахь ма ду тхо'
2:133 -
تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُمْ مَا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ
И ддахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух
2:134 -
وَقَالُوا كُونُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ تَهْتَدُوا ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Цара (жайнан охах болчара) элира: 'Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь'. Ахь āла: 'ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех'
2:135
Гочдар: Магомед Магомедов