Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 133 – 136
-
أَمْ كُنْتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ حَضَرَ يَعْقُوبَ الْمَوْتُ إِذْ قَالَ لِبَنِيهِ مَا تَعْبُدُونَ مِنْ بَعْدِي قَالُوا نَعْبُدُ إِلَٰهَكَ وَإِلَٰهَ آبَائِكَ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ إِلَٰهًا وَاحِدًا وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Ткъа шу дарий уллохь лаьтташ ЯӀкъубана тӀе Ӏожалла еъча‚ цо шен кӀенташка олуш: 'Хьанна Ӏибадат дийр ду аш сол тӀаьхьа?' Цара ма элира: 'Оха Ӏибадат дийр ма ду хьан Делана‚ хьан дайн – ИбрахӀиман‚ ИсмаӀилан‚ Исхьакъан – Делана‚ ша цхьаъ волчу цу Делана‚ Цунна муьтӀахь ма ду тхо'
2:133 -
تِلْكَ أُمَّةٌ قَدْ خَلَتْ ۖ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَلَكُمْ مَا كَسَبْتُمْ ۖ وَلَا تُسْأَلُونَ عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ
И ддахна уммат ду. Цунна цо шена лехнарг карийна‚ шуна аш шайна лехнарг карийна. Шуьга жоп доьхур ма дац цара деш хиллачух
2:134 -
وَقَالُوا كُونُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ تَهْتَدُوا ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Цара (жайнан охах болчара) элира: 'Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тӀаккха хир ду шу нийсачу новкъахь'. Ахь āла: 'ХӀан-хӀа! Ша цӀена Делах тешаш хиллачу ИбрахӀиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех'
2:135 -
قُولُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَمَا أُوتِيَ النَّبِيُّونَ مِنْ رَبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ
Аш āла: 'Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахӀиме‚ ИсмаӀиле‚ Исхьакъе‚ ЯӀкъубе‚ цуьнан тӀаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Ӏийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтӀахь ма ду'
2:136
Гочдар: Магомед Магомедов