Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 135 – 136

  1. وَقَالُوا كُونُوا هُودًا أَوْ نَصَارَىٰ تَهْتَدُوا ۗ قُلْ بَلْ مِلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا ۖ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Цара (жайнан охах болчара) элира: 'Хила жуьгтийн динехь я насараш‚ тIаккха хир ду шу нийсачу новкъахь'. Ахь āла: 'ХIан-хIа! Ша цIена Делах тешаш хиллачу ИбрахIиман дин ду сан‚ ца хилла иза мушрикех'

    2:135
  2. قُولُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ إِلَىٰ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَالْأَسْبَاطِ وَمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ وَعِيسَىٰ وَمَا أُوتِيَ النَّبِيُّونَ مِنْ رَبِّهِمْ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْهُمْ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ

    Аш āла: 'Тешна тхо Делах а‚ тхайга доссийначух (Къуръанах) а‚ ИбрахIиме‚ ИсмаIиле‚ Исхьакъе‚ ЯIкъубе‚ цуьнан тIаьхьене доссийначух а‚ Мусага а‚ Iийсага а деллачух а‚ шаьш Кхиош-кхобучу Делера пайхамаршка даийтинчух а. Оха царах цхьа а ца къаставо. Тхо цунна (Далла) муьтIахь ма ду'

    2:136

Гочдар: Магомед Магомедов