Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 142 – 144

  1. سَيَقُولُ السُّفَهَاءُ مِنَ النَّاسِ مَا وَلَّاهُمْ عَنْ قِبْلَتِهِمُ الَّتِي كَانُوا عَلَيْهَا ۚ قُلْ لِلَّهِ الْمَشْرِقُ وَالْمَغْرِبُ ۚ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Нахах хьекъале боцучара эр ма ду: 'Стен дӀаберзийна техьа уьш шаьш тӀебоьрзуш хиллачу къилбанна тӀера?' Ахь āла: 'Делан ю малхбале а‚ малхбузе а‚ нисвеш ву И Шена луург нийсачу новкъа'

    2:142
  2. وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَاكُمْ أُمَّةً وَسَطًا لِتَكُونُوا شُهَدَاءَ عَلَى النَّاسِ وَيَكُونَ الرَّسُولُ عَلَيْكُمْ شَهِيدًا ۗ وَمَا جَعَلْنَا الْقِبْلَةَ الَّتِي كُنْتَ عَلَيْهَا إِلَّا لِنَعْلَمَ مَنْ يَتَّبِعُ الرَّسُولَ مِمَّنْ يَنْقَلِبُ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ ۚ وَإِنْ كَانَتْ لَكَبِيرَةً إِلَّا عَلَى الَّذِينَ هَدَى اللَّهُ ۗ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُضِيعَ إِيمَانَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِالنَّاسِ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Иштта Оха дира шух юкъараллин уммат‚ шу хилийта нахана тӀехь тешаш‚ элча а хилийта шуна тӀехь теш. Оха ма ца дира хьо шена тӀевоьрзуш хилла къилба /Байтул-Мукъаддис/ къасто бен элчанна тӀаьхьавозург ша /керстаналлина т/ вухавоьрзучух. Баккъалла а, хиллера иза хала хӀума Дала нисбиначарна доцуш. Дела ца хилла шун ийман эшор долуш. Баккъалла а, и Дела ма ву нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а

    2:143
  3. قَدْ نَرَىٰ تَقَلُّبَ وَجْهِكَ فِي السَّمَاءِ ۖ فَلَنُوَلِّيَنَّكَ قِبْلَةً تَرْضَاهَا ۚ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَحَيْثُ مَا كُنْتُمْ فَوَلُّوا وُجُوهَكُمْ شَطْرَهُ ۗ وَإِنَّ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ لَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّهِمْ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ

    Гира Тхуна /хӀай Мухьаммад/ хьан юьхь стиглахьа хьийзар. Оха хьо тӀевоьрзор ма ву хьо реза волчу къилбанна. ДӀаерзае хьан юьхь Дезчу Маьждиган агӀор. Шаьш миччахьа делахь а‚ дӀаерзае шайн яххьаш цу агӀор. Жайнан охӀланна хууш ма ду и шайн Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг хилар. Ма вац и Дела цара дийриг тидамехь доцуш

    2:144

Гочдар: Магомед Магомедов