Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 142 – 150
-
سَيَقُولُ السُّفَهَاءُ مِنَ النَّاسِ مَا وَلَّاهُمْ عَنْ قِبْلَتِهِمُ الَّتِي كَانُوا عَلَيْهَا ۚ قُلْ لِلَّهِ الْمَشْرِقُ وَالْمَغْرِبُ ۚ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Нахах хьекъале боцучара эр ма ду: 'Стен дIаберзийна техьа уьш шаьш тIебоьрзуш хиллачу къилбанна тIера?' Ахь āла: 'Делан ю малхбале а‚ малхбузе а‚ нисвеш ву И Шена луург нийсачу новкъа'
2:142 -
وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَاكُمْ أُمَّةً وَسَطًا لِتَكُونُوا شُهَدَاءَ عَلَى النَّاسِ وَيَكُونَ الرَّسُولُ عَلَيْكُمْ شَهِيدًا ۗ وَمَا جَعَلْنَا الْقِبْلَةَ الَّتِي كُنْتَ عَلَيْهَا إِلَّا لِنَعْلَمَ مَنْ يَتَّبِعُ الرَّسُولَ مِمَّنْ يَنْقَلِبُ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ ۚ وَإِنْ كَانَتْ لَكَبِيرَةً إِلَّا عَلَى الَّذِينَ هَدَى اللَّهُ ۗ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُضِيعَ إِيمَانَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِالنَّاسِ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ
Иштта Оха дира шух юкъараллин уммат‚ шу хилийта нахана тIехь тешаш‚ элча а хилийта шуна тIехь теш. Оха ма ца дира хьо шена тIевоьрзуш хилла къилба /Байтул-Мукъаддис/ къасто бен элчанна тIаьхьавозург ша /керстаналлина т/ вухавоьрзучух. Баккъалла а, хиллера иза хала хIума Дала нисбиначарна доцуш. Дела ца хилла шун ийман эшор долуш. Баккъалла а, и Дела ма ву нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а
2:143 -
قَدْ نَرَىٰ تَقَلُّبَ وَجْهِكَ فِي السَّمَاءِ ۖ فَلَنُوَلِّيَنَّكَ قِبْلَةً تَرْضَاهَا ۚ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَحَيْثُ مَا كُنْتُمْ فَوَلُّوا وُجُوهَكُمْ شَطْرَهُ ۗ وَإِنَّ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ لَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّهِمْ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ
Гира Тхуна /хIай Мухьаммад/ хьан юьхь стиглахьа хьийзар. Оха хьо тIевоьрзор ма ву хьо реза волчу къилбанна. ДIаерзае хьан юьхь Дезчу Маьждиган агIор. Шаьш миччахьа делахь а‚ дIаерзае шайн яххьаш цу агIор. Жайнан охIланна хууш ма ду и шайн Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг хилар. Ма вац и Дела цара дийриг тидамехь доцуш
2:144 -
وَلَئِنْ أَتَيْتَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ بِكُلِّ آيَةٍ مَا تَبِعُوا قِبْلَتَكَ ۚ وَمَا أَنْتَ بِتَابِعٍ قِبْلَتَهُمْ ۚ وَمَا بَعْضُهُمْ بِتَابِعٍ قِبْلَةَ بَعْضٍ ۚ وَلَئِنِ اتَّبَعْتَ أَهْوَاءَهُمْ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَكَ مِنَ الْعِلْمِ ۙ إِنَّكَ إِذًا لَمِنَ الظَّالِمِينَ
Жайнан охIланна муьлхха делил ахь далийча а‚ уьш тIебоьрзур бац хьан къилбанна‚ хьо а воьрзур вац церан къилбанна тIе. Царах цхьаберш боьрзур ма бац кхечеран къилбанна тIе. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь‚ хьайга Iилма деъначул тIаьхьа‚ хьо хир ма ву зуламхойх
2:145 -
الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءَهُمْ ۖ وَإِنَّ فَرِيقًا مِنْهُمْ لَيَكْتُمُونَ الْحَقَّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Оха шайга жайна деллачарна и /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кIентий шайна ма бовзарра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш доллушехь
2:146 -
الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ
Бакъдерг ду / иза/ хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Хиланне а хьо ма хилалахь шеко йолуш болчарах
2:147 -
وَلِكُلٍّ وِجْهَةٌ هُوَ مُوَلِّيهَا ۖ فَاسْتَبِقُوا الْخَيْرَاتِ ۚ أَيْنَ مَا تَكُونُوا يَأْتِ بِكُمُ اللَّهُ جَمِيعًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
ХIоранна а – шен агIо ю‚ и цунна тIевоьрзуш. Аша сихое дикачу гллакхашкахь хьалхе яккхарехь. Миччахьа а шу делахь а‚ – Дала шу дерриге а цхьаьна гулдийр ду /къематдийнахь/. Баккъалла а, и Дела массо а хIуманна тхь ницкъ кхочуш ма ву
2:148 -
وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۖ وَإِنَّهُ لَلْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ
Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агIор. Баккъалла а, и бакъдерг ма ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Ма вац и Дела аша дийриг тидамехь доцуш
2:149 -
وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَحَيْثُ مَا كُنْتُمْ فَوَلُّوا وُجُوهَكُمْ شَطْرَهُ لِئَلَّا يَكُونَ لِلنَّاسِ عَلَيْكُمْ حُجَّةٌ إِلَّا الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْهُمْ فَلَا تَخْشَوْهُمْ وَاخْشَوْنِي وَلِأُتِمَّ نِعْمَتِي عَلَيْكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
Миччахьара хьо араваьлча а‚ дIаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агIор. Шаьш миччахьа хилча а‚ дIаерзае шайн яьххьаш цу агIор‚ нахана шуна тIехь бехк билла бахьана ца хилийта‚ царах зуламхой боцучарна, – шу царах ма кхералаш, Сох кхералаш, - Соьга шуна тIехь Сайн ниIмат чекхдаккхийта - шу нийсачу новкъа тхь хила тарлора-кх
2:150
Гочдар: Магомед Магомедов