Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 142 – 151

  1. سَيَقُولُ السُّفَهَاءُ مِنَ النَّاسِ مَا وَلَّاهُمْ عَنْ قِبْلَتِهِمُ الَّتِي كَانُوا عَلَيْهَا ۚ قُلْ لِلَّهِ الْمَشْرِقُ وَالْمَغْرِبُ ۚ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Нахах хьекъале боцучара эр ма ду: 'Стен дӀаберзийна техьа уьш шаьш тӀебоьрзуш хиллачу къилбанна тӀера?' Ахь āла: 'Делан ю малхбале а‚ малхбузе а‚ нисвеш ву И Шена луург нийсачу новкъа'

    2:142
  2. وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَاكُمْ أُمَّةً وَسَطًا لِتَكُونُوا شُهَدَاءَ عَلَى النَّاسِ وَيَكُونَ الرَّسُولُ عَلَيْكُمْ شَهِيدًا ۗ وَمَا جَعَلْنَا الْقِبْلَةَ الَّتِي كُنْتَ عَلَيْهَا إِلَّا لِنَعْلَمَ مَنْ يَتَّبِعُ الرَّسُولَ مِمَّنْ يَنْقَلِبُ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ ۚ وَإِنْ كَانَتْ لَكَبِيرَةً إِلَّا عَلَى الَّذِينَ هَدَى اللَّهُ ۗ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُضِيعَ إِيمَانَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِالنَّاسِ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Иштта Оха дира шух юкъараллин уммат‚ шу хилийта нахана тӀехь тешаш‚ элча а хилийта шуна тӀехь теш. Оха ма ца дира хьо шена тӀевоьрзуш хилла къилба /Байтул-Мукъаддис/ къасто бен элчанна тӀаьхьавозург ша /керстаналлина т/ вухавоьрзучух. Баккъалла а, хиллера иза хала хӀума Дала нисбиначарна доцуш. Дела ца хилла шун ийман эшор долуш. Баккъалла а, и Дела ма ву нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а

    2:143
  3. قَدْ نَرَىٰ تَقَلُّبَ وَجْهِكَ فِي السَّمَاءِ ۖ فَلَنُوَلِّيَنَّكَ قِبْلَةً تَرْضَاهَا ۚ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَحَيْثُ مَا كُنْتُمْ فَوَلُّوا وُجُوهَكُمْ شَطْرَهُ ۗ وَإِنَّ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ لَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّهِمْ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ

    Гира Тхуна /хӀай Мухьаммад/ хьан юьхь стиглахьа хьийзар. Оха хьо тӀевоьрзор ма ву хьо реза волчу къилбанна. ДӀаерзае хьан юьхь Дезчу Маьждиган агӀор. Шаьш миччахьа делахь а‚ дӀаерзае шайн яххьаш цу агӀор. Жайнан охӀланна хууш ма ду и шайн Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг хилар. Ма вац и Дела цара дийриг тидамехь доцуш

    2:144
  4. وَلَئِنْ أَتَيْتَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ بِكُلِّ آيَةٍ مَا تَبِعُوا قِبْلَتَكَ ۚ وَمَا أَنْتَ بِتَابِعٍ قِبْلَتَهُمْ ۚ وَمَا بَعْضُهُمْ بِتَابِعٍ قِبْلَةَ بَعْضٍ ۚ وَلَئِنِ اتَّبَعْتَ أَهْوَاءَهُمْ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَكَ مِنَ الْعِلْمِ ۙ إِنَّكَ إِذًا لَمِنَ الظَّالِمِينَ

    Жайнан охӀланна муьлхха делил ахь далийча а‚ уьш тӀебоьрзур бац хьан къилбанна‚ хьо а воьрзур вац церан къилбанна тӀе. Царах цхьаберш боьрзур ма бац кхечеран къилбанна тӀе. Хьо церан дезаршна тӀаьхьахӀоттахь‚ хьайга Ӏилма деъначул тӀаьхьа‚ хьо хир ма ву зуламхойх

    2:145
  5. الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءَهُمْ ۖ وَإِنَّ فَرِيقًا مِنْهُمْ لَيَكْتُمُونَ الْحَقَّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ

    Оха шайга жайна деллачарна и /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кӀентий шайна ма бовзарра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш доллушехь

    2:146
  6. الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ

    Бакъдерг ду / иза/ хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Хиланне а хьо ма хилалахь шеко йолуш болчарах

    2:147
  7. وَلِكُلٍّ وِجْهَةٌ هُوَ مُوَلِّيهَا ۖ فَاسْتَبِقُوا الْخَيْرَاتِ ۚ أَيْنَ مَا تَكُونُوا يَأْتِ بِكُمُ اللَّهُ جَمِيعًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    ХӀоранна а – шен агӀо ю‚ и цунна тӀевоьрзуш. Аша сихое дикачу гллакхашкахь хьалхе яккхарехь. Миччахьа а шу делахь а‚ – Дала шу дерриге а цхьаьна гулдийр ду /къематдийнахь/. Баккъалла а, и Дела массо а хӀуманна тхь ницкъ кхочуш ма ву

    2:148
  8. وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۖ وَإِنَّهُ لَلْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Миччахьара хьо араваьлча а‚ дӀаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агӀор. Баккъалла а, и бакъдерг ма ду хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Ма вац и Дела аша дийриг тидамехь доцуш

    2:149
  9. وَمِنْ حَيْثُ خَرَجْتَ فَوَلِّ وَجْهَكَ شَطْرَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَحَيْثُ مَا كُنْتُمْ فَوَلُّوا وُجُوهَكُمْ شَطْرَهُ لِئَلَّا يَكُونَ لِلنَّاسِ عَلَيْكُمْ حُجَّةٌ إِلَّا الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْهُمْ فَلَا تَخْشَوْهُمْ وَاخْشَوْنِي وَلِأُتِمَّ نِعْمَتِي عَلَيْكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    Миччахьара хьо араваьлча а‚ дӀаерзае хьан юьхь Дезачу Маьждиган агӀор. Шаьш миччахьа хилча а‚ дӀаерзае шайн яьххьаш цу агӀор‚ нахана шуна тӀехь бехк билла бахьана ца хилийта‚ царах зуламхой боцучарна, – шу царах ма кхералаш, Сох кхералаш, - Соьга шуна тӀехь Сайн ниӀмат чекхдаккхийта - шу нийсачу новкъа тхь хила тарлора-кх

    2:150
  10. كَمَا أَرْسَلْنَا فِيكُمْ رَسُولًا مِنْكُمْ يَتْلُو عَلَيْكُمْ آيَاتِنَا وَيُزَكِّيكُمْ وَيُعَلِّمُكُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَيُعَلِّمُكُمْ مَا لَمْ تَكُونُوا تَعْلَمُونَ

    Оха шуна элча ваийтарх терра‚ шух шайх волу, ша дуьйцуш волу шуна Тхан аяташ‚ цо шу цӀандеш‚ шуна жайна а‚ хьекъалалла а Ӏамадеш‚ шуна цо Ӏамадеш, шуна ца хууш хилларг

    2:151

Гочдар: Магомед Магомедов