Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 153 – 163

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اسْتَعِينُوا بِالصَّبْرِ وَالصَّلَاةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ مَعَ الصَّابِرِينَ

    ХӀай ийман диллинарш! Аш гӀо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, и Дела ма ву собаре болчаьрца

    2:153
  2. وَلَا تَقُولُوا لِمَنْ يُقْتَلُ فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَمْوَاتٌ ۚ بَلْ أَحْيَاءٌ وَلَٰكِنْ لَا تَشْعُرُونَ

    Аш ма āла Делан новкъахь бойучарах 'белла'. – Дийна бу уьш. – Амма шуна ца хаало

    2:154
  3. وَلَنَبْلُوَنَّكُمْ بِشَيْءٍ مِنَ الْخَوْفِ وَالْجُوعِ وَنَقْصٍ مِنَ الْأَمْوَالِ وَالْأَنْفُسِ وَالثَّمَرَاتِ ۗ وَبَشِّرِ الصَّابِرِينَ

    Оха дитанне а ца зуьйш дуьтур дац шу кхерам тасарца а‚ мацалла яийтарца а‚ даьхни а‚ синош а‚ стоьмаш а эшийтарца а‚ – ахь кхаъ баккха собаре болчарна‚ –

    2:155
  4. الَّذِينَ إِذَا أَصَابَتْهُمْ مُصِيبَةٌ قَالُوا إِنَّا لِلَّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعُونَ

    Иштаннаш бу уьш шайна тӀе цхьа боккха бāла беьча‚ олуш: 'Вай Делан ду‚ Цуьнга дӀадоьрзур долуш а ду'

    2:156
  5. أُولَٰئِكَ عَلَيْهِمْ صَلَوَاتٌ مِنْ رَبِّهِمْ وَرَحْمَةٌ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُهْتَدُونَ

    Царна шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдар а ма ду‚ къинхетам а ма бу‚ уьш ма бу нийсачу новкъа тхь берш

    2:157
  6. إِنَّ الصَّفَا وَالْمَرْوَةَ مِنْ شَعَائِرِ اللَّهِ ۖ فَمَنْ حَجَّ الْبَيْتَ أَوِ اعْتَمَرَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِ أَنْ يَطَّوَّفَ بِهِمَا ۚ وَمَنْ تَطَوَّعَ خَيْرًا فَإِنَّ اللَّهَ شَاكِرٌ عَلِيمٌ

    Баккъалла а, Сафа а‚ Марват а Делан динан билгалонех ду. Хьаьж доьхкучунна а‚ Ӏумрат дечунна а къа дац царна го баьккхича. Лаа а лууш, /Шена/ диканиг диначунна – и Дела баркалла олуш а‚ хууш а ву

    2:158
  7. إِنَّ الَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَا أَنْزَلْنَا مِنَ الْبَيِّنَاتِ وَالْهُدَىٰ مِنْ بَعْدِ مَا بَيَّنَّاهُ لِلنَّاسِ فِي الْكِتَابِ ۙ أُولَٰئِكَ يَلْعَنُهُمُ اللَّهُ وَيَلْعَنُهُمُ اللَّاعِنُونَ

    Баккъалла а, Оха яийтина билгалонаш а‚ нийса некъ а, Оха шаьш нахана Жайнин чохь билгалъяьхначул тӀаьхьа, хьулдеш берш – уьш ма бу Дала шайна неӀалт эр дерш а‚ неӀалт олучара а шайна неӀалт эр дерш а

    2:159
  8. إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا وَأَصْلَحُوا وَبَيَّنُوا فَأُولَٰئِكَ أَتُوبُ عَلَيْهِمْ ۚ وَأَنَا التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Бац /неӀалтан кӀел/ шаьш дечунна тӀера /тōба дарца/ юхабевлла‚ дика а лелла‚ /шаьш хьулдеш хилларг/ билгала даьккхинарш-м – церан тōба Ас къобалдийр ду – Со тōба /дукха/ къобалдийриг а ву /Сайн лешна/, /Сайгахь/ шортта къинхетам берг а ву

    2:160
  9. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَمَاتُوا وَهُمْ كُفَّارٌ أُولَٰئِكَ عَلَيْهِمْ لَعْنَةُ اللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ

    Баккъалла а, шаьш /дин/ керстадинарш‚ / оцу/ керста хьолехь белларш – царна хир ду Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неӀалт

    2:161
  10. خَالِدِينَ فِيهَا ۖ لَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ الْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ

    Шаьш цу чохь (цӀергахь) гуттар а лаьтташ‚ Ӏазап дайдийр ма дац царна‚ тӀаьхьатоттур а ма бац уьш

    2:162
  11. وَإِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الرَّحْمَٰنُ الرَّحِيمُ

    Шун Дела – Ша цхьаъ волу Дела ву. Кхин Дела вац И бен‚ сов къинхетаме а‚ къинхетаме а верг ву Иза

    2:163

Гочдар: Магомед Магомедов