Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 154 – 157
-
وَلَا تَقُولُوا لِمَنْ يُقْتَلُ فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَمْوَاتٌ ۚ بَلْ أَحْيَاءٌ وَلَٰكِنْ لَا تَشْعُرُونَ
Аш ма āла Делан новкъахь бойучарах 'белла'. – Дийна бу уьш. – Амма шуна ца хаало
2:154 -
وَلَنَبْلُوَنَّكُمْ بِشَيْءٍ مِنَ الْخَوْفِ وَالْجُوعِ وَنَقْصٍ مِنَ الْأَمْوَالِ وَالْأَنْفُسِ وَالثَّمَرَاتِ ۗ وَبَشِّرِ الصَّابِرِينَ
Оха дитанне а ца зуьйш дуьтур дац шу кхерам тасарца а‚ мацалла яийтарца а‚ даьхни а‚ синош а‚ стоьмаш а эшийтарца а‚ – ахь кхаъ баккха собаре болчарна‚ –
2:155 -
الَّذِينَ إِذَا أَصَابَتْهُمْ مُصِيبَةٌ قَالُوا إِنَّا لِلَّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعُونَ
Иштаннаш бу уьш шайна тӀе цхьа боккха бāла беьча‚ олуш: 'Вай Делан ду‚ Цуьнга дӀадоьрзур долуш а ду'
2:156 -
أُولَٰئِكَ عَلَيْهِمْ صَلَوَاتٌ مِنْ رَبِّهِمْ وَرَحْمَةٌ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُهْتَدُونَ
Царна шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдар а ма ду‚ къинхетам а ма бу‚ уьш ма бу нийсачу новкъа тхь берш
2:157
Гочдар: Магомед Магомедов