Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 159 – 163
-
إِنَّ الَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَا أَنْزَلْنَا مِنَ الْبَيِّنَاتِ وَالْهُدَىٰ مِنْ بَعْدِ مَا بَيَّنَّاهُ لِلنَّاسِ فِي الْكِتَابِ ۙ أُولَٰئِكَ يَلْعَنُهُمُ اللَّهُ وَيَلْعَنُهُمُ اللَّاعِنُونَ
Баккъалла а, Оха яийтина билгалонаш а‚ нийса некъ а, Оха шаьш нахана Жайнин чохь билгалъяьхначул тӀаьхьа, хьулдеш берш – уьш ма бу Дала шайна неӀалт эр дерш а‚ неӀалт олучара а шайна неӀалт эр дерш а
2:159 -
إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا وَأَصْلَحُوا وَبَيَّنُوا فَأُولَٰئِكَ أَتُوبُ عَلَيْهِمْ ۚ وَأَنَا التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
Бац /неӀалтан кӀел/ шаьш дечунна тӀера /тōба дарца/ юхабевлла‚ дика а лелла‚ /шаьш хьулдеш хилларг/ билгала даьккхинарш-м – церан тōба Ас къобалдийр ду – Со тōба /дукха/ къобалдийриг а ву /Сайн лешна/, /Сайгахь/ шортта къинхетам берг а ву
2:160 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَمَاتُوا وَهُمْ كُفَّارٌ أُولَٰئِكَ عَلَيْهِمْ لَعْنَةُ اللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ
Баккъалла а, шаьш /дин/ керстадинарш‚ / оцу/ керста хьолехь белларш – царна хир ду Делан а‚ маликийн а‚ массо а нехан а неӀалт
2:161 -
خَالِدِينَ فِيهَا ۖ لَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ الْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ
Шаьш цу чохь (цӀергахь) гуттар а лаьтташ‚ Ӏазап дайдийр ма дац царна‚ тӀаьхьатоттур а ма бац уьш
2:162 -
وَإِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الرَّحْمَٰنُ الرَّحِيمُ
Шун Дела – Ша цхьаъ волу Дела ву. Кхин Дела вац И бен‚ сов къинхетаме а‚ къинхетаме а верг ву Иза
2:163
Гочдар: Магомед Магомедов