Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 16 – 20

  1. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ اشْتَرَوُا الضَّلَالَةَ بِالْهُدَىٰ فَمَا رَبِحَتْ تِجَارَتُهُمْ وَمَا كَانُوا مُهْتَدِينَ

    Уьш бу нийсачу некъах тилар эцнарш‚ ма сắ ца хили-кх церан йохка-эцарх‚ уьш ца хили-кх нийсачу новкъахь

    2:16
  2. مَثَلُهُمْ كَمَثَلِ الَّذِي اسْتَوْقَدَ نَارًا فَلَمَّا أَضَاءَتْ مَا حَوْلَهُ ذَهَبَ اللَّهُ بِنُورِهِمْ وَتَرَكَهُمْ فِي ظُلُمَاتٍ لَا يُبْصِرُونَ

    Уьш тера бу‚ цӀе а латийна‚ тӀаккха цо шена гонаха дерг серладаьккхича‚ Дала шайн нур дӀа а даьхьна‚ боданехь бисинчарех‚ шайна хмма ца гуш

    2:17
  3. صُمٌّ بُكْمٌ عُمْيٌ فَهُمْ لَا يَرْجِعُونَ

    Къора а‚ мотт а ца хууш а‚ бӀаьрзе а хилла, уьш юха ца боьрзу-кх/нийсачу новкъа/

    2:18
  4. أَوْ كَصَيِّبٍ مِنَ السَّمَاءِ فِيهِ ظُلُمَاتٌ وَرَعْدٌ وَبَرْقٌ يَجْعَلُونَ أَصَابِعَهُمْ فِي آذَانِهِمْ مِنَ الصَّوَاعِقِ حَذَرَ الْمَوْتِ ۚ وَاللَّهُ مُحِيطٌ بِالْكَافِرِينَ

    Я стигларчу догӀанан марханах тера‚ шена чохь бода болуш‚ къовкъар долуш‚ ткъес тохар долуш – цара лергаш чу пӀелгаш дуьхку‚ ткъес кхетна баларх ларлуш. И Дела ма ву гоне лоцур болуш и ца тешаш берш

    2:19
  5. يَكَادُ الْبَرْقُ يَخْطَفُ أَبْصَارَهُمْ ۖ كُلَّمَا أَضَاءَ لَهُمْ مَشَوْا فِيهِ وَإِذَا أَظْلَمَ عَلَيْهِمْ قَامُوا ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَذَهَبَ بِسَمْعِهِمْ وَأَبْصَارِهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Ткъес герга ду церан бӀаьрса дӀаэца‚ шайна цо серло ма еллинехь‚ дӀабоьлху уьш цуьнца‚ шайна Ӏарж ма еллинехь‚ совцу. Далла лиънехьара‚ хазар а‚ бӀаьрса а дӀахьур дара церан: Дела массо а хӀуманна тхь ницкъ кхочуш ма ву

    2:20

Гочдар: Магомед Магомедов