Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 168 – 171
-
يَا أَيُّهَا النَّاسُ كُلُوا مِمَّا فِي الْأَرْضِ حَلَالًا طَيِّبًا وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ
ХӀай нах! Даа лаьттахь долчух хьанал дерг а‚ цӀена дерг а. Шу ма хӀитталаш шайтӀанан лар т – и шуна билггала мостагӀ ма ду
2:168 -
إِنَّمَا يَأْمُرُكُمْ بِالسُّوءِ وَالْفَحْشَاءِ وَأَنْ تَقُولُوا عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Баккъалла а, цо шуна хьоьху вониг а‚ ирчаниг дар а‚ аш Делах лаьцна шайна цахуург алар а
2:169 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اتَّبِعُوا مَا أَنْزَلَ اللَّهُ قَالُوا بَلْ نَتَّبِعُ مَا أَلْفَيْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا ۗ أَوَلَوْ كَانَ آبَاؤُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ شَيْئًا وَلَا يَهْتَدُونَ
Цаьрга аьлча: 'ТӀаьхьахӀитта Дала шайга доссийначунна (Къуръанна)', цара олу: 'ХӀан-хӀа! Тхо тӀаьхьахӀуьттур ду тхайна тхешан дай шена тӀехь карийначунна». – И шайн дай цхьанна хӀуманах кхеташ а‚ нийсачу новкъахь а хилла бацахь а? /Тккха а хьтту уьш царна тьхьа??/
2:170 -
وَمَثَلُ الَّذِينَ كَفَرُوا كَمَثَلِ الَّذِي يَنْعِقُ بِمَا لَا يَسْمَعُ إِلَّا دُعَاءً وَنِدَاءً ۚ صُمٌّ بُكْمٌ عُمْيٌ فَهُمْ لَا يَعْقِلُونَ
Керстаналла дечеран масал ду шега мохь биттича а, цг хьекхча а бен ца хезачуьнга кхайкхаран масалах тера: къора, мотт ца хууш, бьрзе хилла, уьш кхетар бац
2:171
Гочдар: Магомед Магомедов