Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 172 – 173
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُلُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ وَاشْكُرُوا لِلَّهِ إِنْ كُنْتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Даа Оха шайна деллачу рицкъанах цӀена дерг‚ цу Далла шукар а де‚ шаьш Цунна Ӏибадат деш делахь
2:172 -
إِنَّمَا حَرَّمَ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةَ وَالدَّمَ وَلَحْمَ الْخِنْزِيرِ وَمَا أُهِلَّ بِهِ لِغَيْرِ اللَّهِ ۖ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Цо шуна хьарам йина къеелла хӀума а‚ цӀий а‚ хьакхин жижиг а‚ Далла доцуш‚ кхечунна лерина йийна хӀума а. Нагахь санна /и хьарам йинарг/ ца йиъча ца валахь‚ /бехкамна/ дуьхьал а воцуш‚ дозанал тх а ца волуш‚ цо и /хьарамниг даарх/ цунна къа дац – баккъалла‚ и Дела ма ву гечдийриг а‚ къинхетаме верг а
2:173
Гочдар: Магомед Магомедов