Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 174 – 176

  1. إِنَّ الَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ مِنَ الْكِتَابِ وَيَشْتَرُونَ بِهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۙ أُولَٰئِكَ مَا يَأْكُلُونَ فِي بُطُونِهِمْ إِلَّا النَّارَ وَلَا يُكَلِّمُهُمُ اللَّهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَلَا يُزَكِّيهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Баккъалла а, Дала Ша доссийначу жайнах /цхьадерг нахах/ хьулдеш берш‚ цунах шайна кӀеззиг мах оьцуш берш – уьш ма бу шайн кийрахь цӀе бен юур йоцурш. Вистхир ма вац и Дела цаьрга /реза хиларца/ къематдийнахь‚ цӀанбийр ма бац Цо уьш. Царна хир ма ду лазош долу Ӏазап

    2:174
  2. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ اشْتَرَوُا الضَّلَالَةَ بِالْهُدَىٰ وَالْعَذَابَ بِالْمَغْفِرَةِ ۚ فَمَا أَصْبَرَهُمْ عَلَى النَّارِ

    Уьш ма бу шаьш нийса некъ боьхкина тилар эцнарш‚ шаьш гечдар доьхкина Ӏазап эцнарш. Ма собаре бу уьш жоьжахатин цӀе ла(в)рехь!?

    2:175
  3. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ نَزَّلَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ ۗ وَإِنَّ الَّذِينَ اخْتَلَفُوا فِي الْكِتَابِ لَفِي شِقَاقٍ بَعِيدٍ

    Иза ду Дала и жайна (Таврат) доссош хиларна бакъдолчуьнца. Баккъалла а, цу жайница цхьаьна ца богӀурш (и дохош, харц туьдуш берш) буьззина /барт/ эгӀарехь ма бу

    2:176

Гочдар: Магомед Магомедов