Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 180 – 182
-
كُتِبَ عَلَيْكُمْ إِذَا حَضَرَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ إِنْ تَرَكَ خَيْرًا الْوَصِيَّةُ لِلْوَالِدَيْنِ وَالْأَقْرَبِينَ بِالْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى الْمُتَّقِينَ
Шуна тӀедиллина цхьанна тӀе валар деъча‚ нагахь цуьнан бухадуьсуш хӀума делахь, цо и нийсонца дена-нанна‚ гергарчарна дала весет дар – баккъалла а тхь ду и /весет дар Делах/ кхоьручарна
2:180 -
فَمَنْ بَدَّلَهُ بَعْدَمَا سَمِعَهُ فَإِنَّمَا إِثْمُهُ عَلَى الَّذِينَ يُبَدِّلُونَهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Нагахь санна цхьаммо и /весетан чулацам/ шена хезначул тӀаьхьа хийцахь – къа и хийцинчунна хир ду. И Дела ма ву Ша хезаш верг а‚ хууш верг а
2:181 -
فَمَنْ خَافَ مِنْ مُوصٍ جَنَفًا أَوْ إِثْمًا فَأَصْلَحَ بَيْنَهُمْ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Нагахь санна цхьаъ весет дечуьнгара нийсо ца ярах я къа дарах кхерахь‚ цо маслахьат дахь царна юккъехь‚ цунна къа хир дац. И Дела ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
2:182
Гочдар: Магомед Магомедов