Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 190 – 194

  1. وَقَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ الَّذِينَ يُقَاتِلُونَكُمْ وَلَا تَعْتَدُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْمُعْتَدِينَ

    ТӀом бе Делан новкъахь шайца тӀом беш болчаьрца‚ амма дозанал сов ма довла. Далла ца беза дозанал сов буьйлурш

    2:190
  2. وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ وَأَخْرِجُوهُمْ مِنْ حَيْثُ أَخْرَجُوكُمْ ۚ وَالْفِتْنَةُ أَشَدُّ مِنَ الْقَتْلِ ۚ وَلَا تُقَاتِلُوهُمْ عِنْدَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ حَتَّىٰ يُقَاتِلُوكُمْ فِيهِ ۖ فَإِنْ قَاتَلُوكُمْ فَاقْتُلُوهُمْ ۗ كَذَٰلِكَ جَزَاءُ الْكَافِرِينَ

    Байа уьш шайна карабаьхккинчохь‚ арабаха уьш шаьш арадаьхначуьра. Питана чӀогӀа ду стаг вēрал а. ТӀом ма бе цаьрца Деза Маьждигана уллохь‚ цара шайца тм ца бахь. Цара шайца бахь /тӀом/ – байа уьш! Иштта бу цатешачарна бекхам

    2:191
  3. فَإِنِ انْتَهَوْا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Уьш совцахь – Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву

    2:192
  4. وَقَاتِلُوهُمْ حَتَّىٰ لَا تَكُونَ فِتْنَةٌ وَيَكُونَ الدِّينُ لِلَّهِ ۖ فَإِنِ انْتَهَوْا فَلَا عُدْوَانَ إِلَّا عَلَى الظَّالِمِينَ

    ТӀом бе цаьрца питана саццалц‚ дин / деш долу бадат деккъа цхьана Далла хиллалц/. Уьш совцахь/тм бечуьра/ – тӀелатар ма де зулам дечарна бен

    2:193
  5. الشَّهْرُ الْحَرَامُ بِالشَّهْرِ الْحَرَامِ وَالْحُرُمَاتُ قِصَاصٌ ۚ فَمَنِ اعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ فَاعْتَدُوا عَلَيْهِ بِمِثْلِ مَا اعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ

    Лераме бутт – лераме баттаца‚ хьурматаш а – чр эца дезаш ду. Шайна цхьаъ тӀелатахь – шу а тӀелата цунна‚ и шайна тӀе ма летта. Делах кхера, шуна хаа и Дела Шех кхоьручаьрца вуйла

    2:194

Гочдар: Магомед Магомедов