Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 200 – 203

  1. فَإِذَا قَضَيْتُمْ مَنَاسِكَكُمْ فَاذْكُرُوا اللَّهَ كَذِكْرِكُمْ آبَاءَكُمْ أَوْ أَشَدَّ ذِكْرًا ۗ فَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَقُولُ رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا وَمَا لَهُ فِي الْآخِرَةِ مِنْ خَلَاقٍ

    Шаьш хьаьждехкар кхочушдина девлча‚ хьехаве и Дела‚ шаьш шайн дай хьехабарах терра‚ я кхин а чӀогӀа. Нахах ма бу олурш: 'ХӀай тхан Кхиош-кхобург‚ ло тхуна дуьненахь' /диканаш/ – ма дац царна эхартахь дāкъа

    2:200
  2. وَمِنْهُمْ مَنْ يَقُولُ رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً وَفِي الْآخِرَةِ حَسَنَةً وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ

    Царах бу олурш а: 'ХӀай тхан Кхиош-кхобург! Ахь тхуна лōлахь дуьненахь а диканаш‚ эхартахь а диканаш‚ Ахь тхо ларделахь цӀеран Ӏазапах'

    2:201
  3. أُولَٰئِكَ لَهُمْ نَصِيبٌ مِمَّا كَسَبُوا ۚ وَاللَّهُ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Царна ма ду дāкъа шайна карадинчух. И Дела ма ву хьесап дарехь сиханиг

    2:202
  4. وَاذْكُرُوا اللَّهَ فِي أَيَّامٍ مَعْدُودَاتٍ ۚ فَمَنْ تَعَجَّلَ فِي يَوْمَيْنِ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ وَمَنْ تَأَخَّرَ فَلَا إِثْمَ عَلَيْهِ ۚ لِمَنِ اتَّقَىٰ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّكُمْ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ

    Дела хьехаве масийтта дийнахь. Шина дийнахь /баьрзанашна т тӀулгаш кхиссина дӀаваха/ сихвеллачунна къа дац‚ (кхоалгӀачу денна) тӀаьхьависинчунна а къа дац – къа дац /Делах/ кхоьруш волчунна. Делах кхералаш‚ шуна хаалаш шаьш Цунна тӀе дӀагулдийр дуйла

    2:203

Гочдар: Магомед Магомедов