Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 204 – 206

  1. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يُعْجِبُكَ قَوْلُهُ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيُشْهِدُ اللَّهَ عَلَىٰ مَا فِي قَلْبِهِ وَهُوَ أَلَدُّ الْخِصَامِ

    Адмашна юккъехь ишттаниг а ву, ша дуьненан дахарехь шен къамелаца хьо цецвоккхуш верг‚ даг чохь долчунна Дела теш хӀоттош – и ма ву луьра мостагӀ

    2:204
  2. وَإِذَا تَوَلَّىٰ سَعَىٰ فِي الْأَرْضِ لِيُفْسِدَ فِيهَا وَيُهْلِكَ الْحَرْثَ وَالنَّسْلَ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الْفَسَادَ

    /Хьох/ дӀа ма къаьсттинехь, сихло иза (мунепикъ) лаьтта тӀехь пасад хӀуманаш дан‚ хӀаллакдо цо охана а‚ даьхни а‚– Далла ца деза пасад хӀума

    2:205
  3. وَإِذَا قِيلَ لَهُ اتَّقِ اللَّهَ أَخَذَتْهُ الْعِزَّةُ بِالْإِثْمِ ۚ فَحَسْبُهُ جَهَنَّمُ ۚ وَلَبِئْسَ الْمِهَادُ

    Шега аьлча: 'Кхера Делах!' –куралло схьалоцу иза къа латорца. Цунна кхачо йийр ю жоьжахатино‚ –ма вон ю-кх /и санначарна/ нисйина меттиг

    2:206

Гочдар: Магомед Магомедов