Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 207 – 209
-
وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَشْرِي نَفْسَهُ ابْتِغَاءَ مَرْضَاتِ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ رَءُوفٌ بِالْعِبَادِ
Нахах ишттаниг а ма ву, Дела реза хилар лоьхуш шен са духкуш верг. Дела ма ву къахеташ /Шен/ лех
2:207 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا ادْخُلُوا فِي السِّلْمِ كَافَّةً وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ
ХӀай ийман диллинарш! ЧугӀо исламна кхоччуш. Шу ма хӀитта шайтӀанан ларашна тӀаьхьа – и шуна билггала мостагӀ ма ду
2:208 -
فَإِنْ زَلَلْتُمْ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْكُمُ الْبَيِّنَاتُ فَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Шайга хӀара билгалонаш кхаьчначул тӀаьхьа шу галдовлахь – шуна хаалаш: и Дела веза ву /бекхам барехь/‚ хьекъале ву /гӀуллакхаш дӀадахьарехь/
2:209
Гочдар: Магомед Магомедов